Нохчийчохь дийнатийн а хир ю шайн хIусам

ДIакхоьсина цициган кIорни

Адам маьрша дехачу мехкашкахь ду, цуьнан санна, дийнатийн а бакъонаш Iалашъен низамаш. Амма дац уьш Оьрсийчохь. Цундела дац, жIаьла, цициг кхаба кIордийча дIахеца доьхку низам а. Соьлж-ГIалахь да воцуш лела цицгаш, жIаьлеш схьа а лехьош, царна хIусамаш нисъеш юкъаралла кхоллаелла дукха хан йоццуш.

Яккхийчу гIаланашкахь хIусам йоцу дийнаташ, цицигаш, жIаьлеш хIора денна арахьарчу зуламашна буха нисло. Масала, йоьдучу машенна кIел оьккху, инфекцин лазарш лехьадо, церан дахар даима кхерамзаллин гурашкахь хуьлу.

Хууш ма-хиллара, массо а пачхьалкхехь адамийн санна, дийнатийн а хуьлу шен хIусам.

Амма Нохчийчоь билгал ю хецна лелачу дийнатийн терахьаш денна дебаш хиларца. Хаддаза алсамболуш бу Соьлж-гIалахь долчу дийнатийн барам.

Алсамдевлла ярташкахь, къаьсттина Соьлж-ГIалахь шайн терго, безам цхьана наха тесна дитинчу, урамашкахула девлла лелачу жIаьлешна, цицигашна кхийдабе адамаш.

И сурт а гина, тесна дитинчу дийнаташна, аьлча а, уьш схьа а лехьадеш, кхаба гIертачу нахана гIодеш юкъаралла кхоьллина Соьлж-ГIалахь «Дикачу дахаре сатийсар» цIе а йолуш.

Оцу юкъараллехь доккха дакъа лоцу Курбанова Мадинассий, Сакаева Мадинассий.

Цаьрца къамел хилира Маршо Радион. Оха хаьттира цаьрга, хIун бахьана ду гIалин дахаран и агIо аш тергоне эцар, аьлла.

Курбанова: «Айса а IаьнтIехь арара чуиккхина цициг, юха ара ца даккхаделла, чохь дитинера ас. Цхьаьна болх беш масийтта ю тхо.Ойла а йина, барт хилира тхан. Дукха цицигаш ду арахь хецна, гича а яахIума а луш,хIума до оха. Цхьа амал бан безар-кха вай, аьлла дIаболийна-кх оха хIара болх. Масийтта цициг ветеринарах чекх а даьккхина, цхьацанна ханна хIусамаш карийна тхуна».

Жимчохь дуьйнна дийннатех дог лозуш яра ша боху Соьлж-ГIаларчу Майдаева Зайнапа. Амма тIом Нохчийчуьра бирзинчул тIаьхьа, цхьа хийцам хилла, синкхетам серлабелира шен, хIетахь шен хIусаме цицигаш дIагулдан йолаелира ша боху цо.

Майдаева: «Суна цициг, жIаьла, котам, бежана бен а яц, массарех дог лозу сан. Даима бара сан царех къинхетам. ХIара тIом баллалц уьш ду-дац хууш дацара, тахана чIогIа декъаза ду оцу дийнатийн гIуллакх. Адам пис ду, къинхетаме а дац. Ламазаш деш, даккхий къамелаш дечу наха, базара баха а боьлхий, охьакхусу цициг. ТIаккха со саннарг, царех къа а хетий, араволу уьш схьалехьо.

Дийнаташца нохчаша латточу юкъаметтигех лаьцна Маршо Радионо алссам дуьйцур ду кIирандийнахь "Оьздангаллин Хьостанаш" цIе йолчу леринчу программехь.