Антитерроран операци Италехь

Шайн Сардиния гIайри тIехь ал-Къаидан гонаш Iора баьхна шаьш, аьлла, цигахь антитерроран операци йолийна Италин полицино. Iораяьккхинчу тобанехь алссам герзаш а ду, уьш Пакистане а, ОфхIанистане а талораш дан а лела, аьлла ду полицино дина дIахьедар.

Сардинин шахьарахь Кальяри гIалахь къамелдеш Италин инарла прокурора Мура Маурос бохура, гучуяьлла тоба бехке хила тарло 2010-чу шарахь Ватиканна тIелетар кечдеш хьийзина хиларна а. Цо лаца кхайкхийначаралахь ву 18 стаг. Царех цхьаберш хьалхо лецна Италино.