Нохчийн мотт биц ца бар уггаре а чолхе хIума хилла дIахIоьттина Малхбузехь бехачу вайн махкахошна. Бераша вовшашлахь немцойн, я францхойн а, норгхойн а, муьлха а шаьш бехачу кхечу меттигийн меттанаш дуьйцу. Иза гушшехь, тергал ца до дуккхаъчу дай-наноша я кхин а сов, цхьаболчара шаьш а буьйцу шайн доьзалхошца хийра мотт.
Къам мотт ца хилча доцуш хилар а, ша ойла муьлхачу маттахь йеш хиларх терра, цу къомах стаг ларалуш хилар а, - уьш, гарехь, башха сагатдан оьшуш хIумнаш ца хета ишттачарна.
Шаьш бехачу меттигийн меттанаш ка ма доллу сихха шаьш а, шайн доьзалхоша а Iамабаре сатессинчу цу нахана амма ца хуучух тера ду, дуккхаъчу шерашкахь доллучу дуьнентIерчу меттан Iилманчаша сацийна даьлларг – шен ненан мотт дика хууш долчу берана кхин дIа долу меттанаш а дикох а, сихох а Iема.
Ткъа ненан мотт дика ца хуучарна хийра мотт а дика ца Iема. Иштта меттан Iилманчаша чIагIдо, шен ненан маттахь берана алсамох дешнаш мел хуу а, цунна хийрачу меттанашкахь а алсамох дешнаш хаьа, цуьнан хийра мотт цIена а, кIорге а, хьекъале а хуьлу.
И хIума тидаме эцначу Австрин Iедалша дукхахенахь дуьйна схьа юккъедаьккхина меттигерчу пачхьалкхан ишколашкахь кхечу къаьмнийн берашна шайн ненан меттанаш Iамо таро ялар. Дешаран министралло бинчу сацамца, нагахь санна ненан мотт Iамон лууш долу цхьана къомах масех бер ишколехь гулделлехь, Iедал декхарийлахь ду царна ненан меттан хьехархо а, мотт Iамон таронаш а Iалашйан.
Венерчу ишколашкахь, цу системех пайда а оьцуш, нохчийн мотт берашна Iамош ю Умаева Фатима. Ялх ишколера хьалхарчу йиъ классера нохчийн бераш ду цуо Iуналла деш. Хийраллехь кхуьучу берашна ненан мотт хьехар Нохчийчохь изза мотт хьехар санна данне а дац, бохуш дуьйцу Фатимас.
Умаева: „Сан хало, хьехархочуьн санна, и бераш сайна ма-хета Iамон, цаьрца болх бан хан кIеззиг хилар ю уггаре а хьалха, хIунда аьлча Iедало луш долу сахьташ дукха дац, ткъа берашна мотт ца хууш хиларна, цаьрца совдукха къахьега дезаш хуьлу.
Масала, муьлха а дош царна Iамочу хенахь иза сарташца гайта дезаш хуьлу. Абат тIехь йазлина „бел“ боху дош делахь, кхузарчу берашна ца хаа, иза хIун бохург ду, шайна сурт ца гайтича, петаршкахь Iаш ма дуй уьш, церан доьзалехь лела ма ца йо белаш“.
Бераш мотт Iамон лууш хилар, ца хилар церан дай-нанойн цу маттаца йолчу юкъаметтигах дозуш карадо шена бохуш дуьйцу нохчийн меттан хьехархочуо Умаева Фатимас. ХIунда аьлча, хийлаза тергал до ша боху цуо, нохчийн меттан уроке бер ца дар церан дай-наноша бехказа дохуш.
Умаева: „Мотт Iамон лаар, ца лаар схьаэцча, вуно чIогIа гIерта езаш хуьлу, цу берашна а, церан дай-наношна а мотиваци хилийта гIерташ, уьш цкъа уроке баьхкинарш юха а бахкийта гIерташ. Масала, делкъал тIаьхьа мотт Iаморан сахьт хилча, и бераш цкъа ишколера цIа а дахана, юха дахка дезаш хуьлу.
ТIаккха церан наноша хийлаза олу, шайн бер уроке ца деъча, „хIокхунна ца лаьара, суна-м дера лаьара, хIара ша гIерйелла бохуш, я-м ца туькура суна“, олий. Дас-нанас тIе ца теIадо шайн бераш ненан мотт Iаморна“.
Ша ненан мотт урок хьеха делкъал тIаьхьа ишколе дIаяхча, шеца цхьаьна берашна дуьхьал бовлий туркойн а, боснихойн а, Iарбойн а хьехархой хуьлу бохуш дуьйцу Фатимас.
Халахетарца тергал до ша, церан бераш шен-шен хенахь схьадогIуш, ткъа шенарш я тIаьхьадуьссий догIуш, я цкъа цхьана дийнахь догIуш, вукху дийнахь ца догIуш хьал хилар. Ткъа стенца доьзна ду-те вайнехан доьзалшкахь ур-атталла оьрсийн мотт а шайн ненан маттал мехалох а, мерза а хетар бохучу хаттарна иштта жоп ло хьехархочуо.
Умаева: „Вайн цIахь ишколашкахь буьйцуш берг оьрсийн мотт хилча, кхузара дай-наной кхоьру, шайн бераш, нагахь санна цIадахар нислахь, мотт ца хууш дисарна. Цигахь массанхьа а оьрсийн мотт лела, ткъа и нохчийн мотт-м ца Iемаш буьсур бацара, буьйцуш хезаш а дIаIемар бара иза-м аьлла хета царна.
Цундела оьрсийн мотт Iаморна тIетеIа цара шайн бераш, ур-атталла кIирандийнахь а деша а дохуьйтуш. Ткъа нохчийн мотт абатан барамехь Iемичахьана тоьур ду аьлла хета“
Охан беттан 25-гIа нохчийн меттан де кхайкхийна массийта шо а ду. Амма иза кхайкхинчара а, могIарерчу вайнаха а цу денах бакъдолу дезде а, ненан меттан сий до де а хилийтархьама деш хIуммаъ а дац. Ша хьалха ма-хиллара да воккха вийр волуш дац нохчийн меттан хьал кхин дIа а. Я цIахь а, я арахь а.