Талламхоша къастийна, Кушалиевас ша доьзалхочух йолуш, бера оьшуш болу нах а лехна, цаьрга, шена петар а оьцуьйтуш, белхан меттиг а нисйойтуш, хIума дина хилар. Бера дуьненчу даьлча, и ша бина барт кхочуш а бина, жимма хан а ялийтина, цо шен бера дайна аьлла латкъам бина полицига.
Цигахь бинчу талламца гучудаьлла цо дина зулам. Иштта хIума деш болу нах адамаллех бевлла а ца Iаш, хьекъална а эшна хир бу аьлла, комментарий йира Соьлжа-гIалара яхархочо Исраилова Еситас.
Исраилова: «Шен бера дохккал ийманех воьхначу стеган къа ду-кх. Оцу тIе кхачийна кху хьоло. Рицкъах шен бер дохкар инзаре хIума ду-кх. Дала къинхетам бойла. И санна болу нах бахамца къен хилла а ца Iаш, ийманна а, хьекъална а къен бу аьлла хета суна. Даккхий хIумнаш-м ду уьш. Са хIаллакх хир долуш-м ду церан».
Шен бер доьхкинчу нанна хан алсам йогIура, кхечарна иза дан дагадеъча а аьлла хета Хьалха-Мартанан кIоштерачу Ильясов Зубайрина. Ша а боккхачу доьзалера волчу цунна кхин а цхацца бахьанаш а го, зудчо ишта гIулч яккхарна.
Ильясов: «Суна чIогIа вон хIума хета иза. Цунна 3 шо делла а ца Iаш, I0 шо даккхийта дезаш дара халчу хьелашкахь. Бусулбачу нахаца догIуш хIума дац иза. Шен доьзалхо вохкар, иза тамашийна ду. Оцу зудчун нах балахьара, цо иза дийра дацара. ТIамо мел верг корта хьовзийна, галваьккхина ву».
Экономикан бахьанаш ду, дуьххьара зударшка иштта маьттаза, нана боху езчу цIарца догIуш доцу хIума дойтуш дерг. Ишта хеташ ю «Зударийн сий» цIе йолчу юккъараллийн цхьанатохараллан куьйгалхо Базаева Липхан.
Базаева: «Уггаре а хьалхара дерг хIун ду хьуна аьлча, церан экономикан хьал ледара хилар ду. ШолгIаниг ду, вониг а, диканиг а къасто хууш ца хилар а, Делах ца кхерар а».
Нохчийн къам Казахстане дIадохийначу хенахь, мацалла а, къелла а, таханчул а чIогIа хилла ма ю. Цигахь наха шай бераш доьхкина бохуш ца хезна, амма уш мацалла ца далийта лело кхечаьрга дIаделла бохуш-м хезна. Экономикан бахьанаш бехке дар нийса дуй-те аьлла деллачу хаттарна, иштта жоп делира Базаева Липхана.
Базаева: «Казахстанехь долчу хенахь, массаьргахь а цхьа хьал дара. Ткъа тахана цхьаберш дика бехаш бу, вуьйш къен бу. Цхьатерра сингаттам ма бац нахехь. Хала лелачу нахана дика бехачу нехан хьал ган а гуш, дера хуьлу уьш, хIуъа дина а цу тIекхача гIерташ. Вай цхьатерра ца хилар а, вовшех къинхетам ца хилар а ду бахьана".
Кушалиевас санна, шен бер дохкар дуьххьара хилла дац Нохчийчохь. ХIора шарахь цхьаъ-шиъ иштаниг гучудоккху ницкъаллийн структураша. Дуьненахь даьржина долу «суррогат-наналла» зулам ду махкахь цхьаболчу наха тIеоьцуш.