Байкерш-питанчаш чекхбевр бац!

Оьрсийчоь --Президент Путин Владимир, байкер Золдостанов Александр, 2014.

Ши кIира ду Оьрсийчуьра националистийн ойланаш яржош лела Золдостанов Александр шен "Буьйсанан Берзалой" це лалечу байкерийн тобанца Германе кхача гIерта. Тобан лаам бу цигахь Оьрсийчоьно Дуьненан шолгIачу тIамехь толамбаккхар даздан. Амма Европа дуьхьал ю цунна некъ белла.

Ша шех „Хирург“ олуш хазхеташ волчу Залтостанов Александра куьйгалла деш йолу оьрсийн „Буьйсанан берзалой“ цIе йолу байкерийн тоба, доллучу дуьненчохь байкерш хуьлуш ма-хиллара, политиках кхехкаш-м тешна а яцара. Мелхо а, шайн ка ма-доллу Кремлаца гергарло лелон а, и гергарло массарна дIадовзийта а гIерта Хирург а, цуьнан тIаьхьалончаш а.

Нагахь санна Залдостановн а, байкерийн тобанна а цу гергарлонах хуьлуш болу пайда соьмашца, аьлча а, дуккхаъчу соьмашца буста йиш елахь, Кремлан коьртачу гIентан ден Путин Владимиран байкершца доттагIалла лелор цуьнан цхьа ша-тайпа боршаллин имидж чIагIъярна хьажийна лара мегар ду.

Кема хохкий стигал волуш, чIачIахкийн тобанна хьалха а волий, тIома волуш, танк хохкуш, цIоькъалоьмашца ловзавуьйлуш волчу Оьрсийчоьнан президентан буьрсачу мачон васт кхин а Iорадаьккхира, цуо лерина йишхаьлла аз диний бен вист ца хуьлучу Залдостанов Хирургаца а, цуьнан накъосташца а тIаьрсикан духар а доьхна Москохан урамашкахула мотоцикалш хаьхкича. ХIетахь дуьйна и боьршачийн доттагIалла чIагIлуш схьадогIуш ду.

Масала, Оьрсийчоьно ГIирма ах-гIайренна аннекси йича уггаре а хьалхарчех шен хьадалчаш а эцна, цига дIахахкавелларг Залдостанов вара. Иштта Путинца башха гергарло лелочу Нохчийчоьнан куьйгалхо волчу хьошалгIа вахарца а гайтира Залдостановс, цуьнан байкерш а шайн Оьрсийчоьнан президентана муьтIахь хилар.

Иза вуно тамашийна хIума а ду, Оьрсийчоьнан башхалла гойтуш долу. ХIунда аьлча, доллучу дуьнентIехь а байкерийн тобанаш, кхин дIа йолу субкултерин кепера цхьаьнакхетараллаш санна, маргинала тобанаш лоруш ю. Цаьрца гергарло лелор муьлхачу а политикна бехке хIума лору, ткъа шаьшна байкершна дола а хета, сийдоцуш а хета Iедалшца уьйрехь хилар бохуш дийцира Маршо радиога Малхбузехь вехачу нохчийн политолога Асхабов Хьамзата.

Асхабов: „Байкерийн тобанаш кхузахь, Малхбузехь, нехан кхетамехь оьзденгалла а, гIиллакх-гIуллакх, юкъараллехь лелаш долу низамаш лелош тобанаш яц уьш. Шайн дастам хиларца а, оьза ца леларца а Iедална, могIарерчу нахана а дуьхьал къийсам латтошчуха кеп хIиттайо цара. Хьекъална а, гIилкхана а генара нах ца хуьлу цигахь. Цунедла цаьрга Малхбухерчу политикаша гергарло лелор могуьйтур долуш хIума дац Европехь“.

Асхабов Хьамзатас билгалдаьхна долу байкерийн тобанийн Малхбузера аматаш оцу тобанийн Оьрсийчохь лелачу вастах дукха къаьсташ дац, цхьана хIуманна тIехь бен - Орсийчуьрнарш Iедало хьоьстуш, Iедална хьесталуш хиларна тIехь.

Цундела масех кIира хьал йоккхачу патетикаллийца кхайкхинера „Буьйсанан берзалой“ тобано, шаьш ШозлагIчу дуьненан тIамехь толам баккхаран де даздеш Европехула мотоцикалш хохкуш чекхдевр ду, ткъа стигалкъекъа беттан 9-гIа де шаьш Берлинерчу Трептов-паркехь Оьрсийн салтичунна хIолламна хьалха даздийр ду, аьлла.

ХIетахь дуьйна цу дIахьедарна гонах дIайоьдуш йоккха IалагIож яра. Полшерчу юкъараллин жигархоша интернетехь леринчу петицина кIелахь эзарнаш куьгйозанаш гулдинера, шайн Iедале оьрсийн байкерш Полшин лаьттахула чекх ма бовлийта, цаьргара питанаш довла там бу, аьлла.

„Тхо долчехь оьрсийн дуьне а ду!“ боху дешнаш яздинера ЗалдостанвгIара шаьш ГIирмехь Оьрсийчоьнан аннексина белшашгIорточу хенахь. ХIинца уьш Полшин лаьтта тIе бовлахь, кхузахь а оьрсийн дуьне кхайкхон гIерташ хир бу уьш“- иштта яра петици язйинчера ойла.

Иштта Германехь а йолаелира Путинан байкерш немцойн махка чу ма бита боху кампани. Интернетерчу социалан машанашкахь шуьйра яьржира ЗалдостановгIара леринчу Европехула мотоциклийн хахкаршна дуьхьал акцеш. Эххар Германин а, Полшин а Iедалша дIахьедарш дира, „Буьйсанан берзалой“ тоба цу шина пачхьалкхенан лаьтта тIе йолуьйтур яц аьлла.

Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло шен сайта тIехь зорбане даьккхинчу цу хьокхерчу дIахьедарехь билгалдаьккхина ду, оьрсийн байкерийн мотохахкарш цхьанна а кепара немцойн-оьрсийн юкъаметтигаш тойарехь гIулч яккхарна лерина дац, аьлла.

Ткъа уьш немцойн махка кхачахь, Германера юкъараллин кхермазалла а, кхепе а кхерамехь хила сахьт дац, аьлла яздинера цу дIахьедарехь кхин дIа а, хьал ишттачу далахь, немцойн Iедало оьшуш дерг массо а хIума дийр ду, байкершка къепе ца хьашийта, аьлла.

Германин Iедалхоша бинчу хаамаца, хьалхехьо „Буьйсанан берзалой“ тобанерчу масех байкерна гIалатца визанаш елла хиллера Москохарчу немцойн векалтехь, амма уьш тохарехь юхаяьхна, байкерш шаьш Залдостановн тобанера дуйла ца хаийтархьама аьшпаш биттина хилар гучу а даьлла.