Европе визанаш яха кхин а хала хир ду нохчашна

Шерашкахь Оьрсийчоьнний, Европиний юккъера визанийн режим аттачу йоккхур ю бохуш дийцинера Кремлан векалша. Амма аттадоккхучу метта кхин а цхьа керла хало юкъаяккхина Евробертан куьйгалло Оьрсийчуьрчу нахана – Шенген виза езачо шен пIелгийн лараш дIаяла езар ю кехаташца цхьаьна.

Оьрсийчоьнан бахархошна, къаьстина Къилбаседа кавказера орамаш долчарна, иштта а атта луш яцара Европе кхача бакъо луш йолу Шенген визанаш. ХIинца иза кхин а холчу дер ду.

Гуьйранна дуьйна Евробертана юккъе йогIучу Шенген зонерчу пачхьалкхашка кхача луучара шайн кехаташца цхьаьна пIелгийн лораш а йита езар ю векалташкахь. Гезгмашин беттан I4-чохь юккъе яха сацам бинчу керлачу бакъонашца, I2 шарел воккхах волчу хIора а Оьрсийчоьнан вахархочуо кхочушйан езаш тIейожош ю и керла къепе.

Евробертан арахьарчу гIуллакхийн хьукматан векалша шайн сайтIа тIехь баржийначу хаамца, цу кепара биометрикан хаарш Европе кхача луучу туристашкара гулоро цхьанна а кепара хьем бийр бац Шенген визаш екъаран процедурина. Иштта визин мах а тIекхетар бац и бахьана долуш, хIинцалца ма-хиллара 35 евро барамехь буьсур бу иза.

Евробертан дипломатийн хьукматан векалша, мелхо а, визаш яларан болх аттачу ер ю и керла къепе бахьана долуш бохуш а дуьйцу. Масала, дуьххьара пIелгийн лораш дIаеллачул тIаьхьа догIучу пхеа шарахь керла виза езачуо шен кехаташ поштехула векалте я консулате дIатасса йиш хир ю, стаг ша хIораза тIеиха а ца везаш. Ткъа гезгмашин бутт тIекхачале схьаэцна йолу визаш, хийцам а боцуш, нуьцкъалехь хир ю.

И пIелгийн лораш юккъеяхар уггаре а хьалха туристийн Европехула болу леламаш мичча хенахь Евробертан Iедалхойн тидамехь хилийта а, нагахь санна цхьаммо Шенген зонерчу пачхьалкхахь цхьа къепе дацар динехь, иза мичча а кхечу цу зонерчу пачхьалкхе вахча, гучуваккха аьтто хилийтар а ю. Доцца аьлча, европахойн кхерамазалла лакхаяккхар.

Цул совнаха, керла къепе юккъеяккхинчара чIагIдо, пIелгийн лараш бахьана долуш тIейогIучу хенахь гIалатца я харцонца виза ца луш цхьа а ца висийта аьтто цу гIулчано бийр бу бохуш – масала, нагахь санна цхьана стаго Европехь цхьа низам хьашна хиллехь а, ткъа цуьнан санна цIе йолчу цхьана кхечу туристана виза ца луш меттигаш хуьлу, и шиъ вовшашца иэй а вой. И саннарг пIелгийн лораш юккъеяьхначул тIаьхьа хир дац боху.

Уггаре а хьалха Къилбаседа Кавказерчу нахах хьакхалур ю Шенген визийн керла шогаллаш. ХIунда аьлча иштта а хIинцалца схьа вуно хала дара нохчашна а, кхечу луларчу руспубликашкарчу а нахана, Европе вохуьйту виза яккха. ХIинцачул тIаьхьа иза гуттар а хала хир ду.

Соьлжа-гIалин вахархочуо Исламов Аслана, шен зеделлачуьнна тIе а тевжаш, дуьйцу, и керла къепе юккъеяьлла а йоцушехь, мел баккхийчу баланашца бен я даккхийчу ахчанашца бен ца ло вайнахана Шенген виза.

Исламов Аслан: „Москохарчу дукхчу туристийн агентталашца къамелаш дина ас, интернетехула леха а лоьхуш. Цара уггаре ахьалха хотту, хьо мичара ву олий. Нохчийчуьра вуйла хиъча, оха шуьн регионаца болх ца бо олу. ХIунда ца бо аьлча, шу нах цигахь совца дIаоьхуш бу, цундела тхуна консулаташкара деана тIедиллар ду, шуьгара кехаташ цхьа ма эца, аьлла, олу.

Нохчашна луш яц-кх и Шенген визанаш. Луш хуьлу шайна 2-3 эзар евро делча, тIаккха а масех баттахь нахе собар а дойтий, я и ахча делча а, и виза лур ю аьлла цхьаммо а гаранти а ца ло“.

Нохчийчохь тIаьхьарчу хенахь схьа мел лучу дозанал арахь лелочу паспорташна тIехь иштта а чIагIдина ду цуьнан долахочун бIаьргех а, пIелгех а долу хаарш, хIунда аьлча цигахь биометрикан паспорташ бен луш а дац, бохуш дуьйцу Исламов Аслана. Бакъду, хIинца визанаш йохуш а пIелгаш дIадала дезаро Европехь тховкIело еха лууш дIаоьхучеран Iалашо чолхечу йоккхур ю аьлла хета цунна.

Исламов Аслан: „Кхузахь и хьалхалера пхеа шаренна луш хилла долу паспорташ кхин луш а дац. Итт шаренна дерш ло. Цу тIехь хIоа-бIаьргах лору хаарш а, шинна куьйган хьажо пIелган лораш а хуьлу тIейохий.

ТIаккха цу тIехула тIе хIинца визаш йохучу хенахь а пIелгийн лораш яьхча, Европе баха дIабаха луучарна бала хир бу-кх цунах. Хьалха а хуьлура Полшехь и пIелгаш дитар бахьана долуш проблемаш. ХIинца мичча а водахь а гуш хилр ду-кх царна хьо мичахь хилла я мича пачхьалкхено хьуна виза елла“.

Цу юкъана сел холчу кепе Шенген визанаш екъар нахана даккхар шаьшна цу Шенген бартана юкккъе йогIучу пачхьалкхашна а башха санех дац, туристаша хIора шарахь миллионашкахь са цу мехкашна еш хилар тидаме эцча.

Иштта, масала, Оьрсийчоьнний, Малхбузенний юккъехь санкцийн дов доладелчхьана хаалла лахделла Европехь садоIа оьхучу оьрсийн терахь. Ткъа ши шо хьалха Казахстанаца Шенген зонерчу пачхьалкхаша, хIинца Оьрсийчоьца санна, и пIелгийн лораш яхар юккъедаьккхичахьана, 70 процентана лахделла цигара Европе оьхучу нехан терахь.