Хьалхара ладегIарш дуьйладелла Кабулерчу кхелехь бахначу баттахь меттигера Фархунда цIе йолу цхьа яхархо йийначу нахана тIехь. ОвхIанистанан телевизионехула шоьтадийнахь гайтинчу ладегIаршка валийна вара зуламдарна бехке хила тарло 49 стаг, шайлахь массех полисхо а волуш. Прокурораша далочу тоьшаллица, дийна йоллушехь йиттина йийна зуда, цо Къуран дагийна аьлла. Йийначул тIаьхьа, цIе а латийна, дакъа Кабул хичу кхоьссина зуламхоша.
Ткъа билгалдаьлла дац зудчо Къуран дагийна хилар. Динчу зуламо протесте баьхнера ОвхIанистанан шахьарара бахархой, цара доьхура Iедале динан дай низаме балор а, зударийн бакъонаш ларъяр а.