Цхьа нохчи зуда хилла Германехь шена дукхахан йоцуш евзинчу цхьана къена немцочуо хьошалгIа кхайкхина. Телефонехула зIене яьллачу немцочуо цкъа хьалха хаьттина хилла кхуьнга, ша хьуна яа хIун кечйе, хьуна ца мегаш, ахь ца юуш хIуммаъ юй аьлла. Хьакхийн жижиг ца мега суна, динца хьарам хиларна, вуьшта башха къа хьега ца оьшу хьуна, иза дIадаьккхичахьана хIуъу мегар ю хьуна, аьлла жоп делла хилла нохчочо. ХIан, иза-м шена хууш ду, са ма гатде, котам кечйийр ю ша аьлла вукхо.
ТIаккха яхана дIакхаьчча, котам а хилла безамехь кечйина, цул сов борсанах йина чоьрпа а хилла хьалхара яа хIоттийна.
Цкъа-шозза чорпан Iайг дIакхаьллинчул тIаьхьа стол тIехь лаьттачу чоьрпан яй чохь хедийна Iоьхкуш йоьхьаш гина-кх хьешана. Вай сан Дела, аьлла, хIинца хIун дийра теша, бохуш Iийна хIара, юха немцо цхьана мIаьргонна дехьа чу йоллушехь, хьешо шен хедар чуьра чоьрпа сихха яйчу дIа а чу а йоьттина, ша иза дIаиинчуха кеп йина, чIогIа мерза яра а олуш тIаьхьаре тIе.
Кхано тIаьхьа, шаьшшина гергарло чIагIделлачул тIаьхьа дIадийцинера нохчочуо, ша иштта цу дийнахь и чоьрпа юха чу ма йоьттира, аьлла. Елла сахаьддера боху немцочунна цунах, ша лерина яха а яхана, хьуна туркойн туьканара эцна хьалал йоьхьаш а, котам а ма яра уьш, аьлла.
Иштта беламе хьелаш хийла нисло Европехь бехачу вайнахаца. Къаьстина уьш Малхбузе схьа а баьхкина, шаьш бехачу меттигийн мотт а, Iадаташ а царна дика ца девзачу хенахь. Немцойн коьртачу шахьарахь ехачу 25 шо долчу Индербиева Мадинина дукха девза цу кепара забаре дийцарш, нохчийн керла дахар куьзганахь санна гойтуш долу. Германехь цIерпошта вокзалахь хилла беламе цхьа хIума а, цуьнан тIаьхьалонаш а иштта юьйцу цуо.
Индербиева: „Цхьа ши стаг хилла вокзалехь лаьтташ. Коьлне ваха везаш хилла и шиъ, амма немцойн мотт ца хууш, шаьшшиъ муьлхарчу цIерпоштина тIе хаа веза хууш ца хилла. ТIаккха цу шинна йистехь цхьа нохчийн йоI нисйелла, пхийттех шо долуш. Хаза баккхийчара санна хьал-де хатта эхь йоIана, амма цу шинна гIо дан лууш а хилла.
ТIеяхана, аьлла-кх цуо тIаккха, Коьлне йоьду цIерпошта дIогарниг ю шуна, аьлла. Цул тIаьхьа шен новкъа дIаяхна кхин къамеле ца йолуш. Цхьа хан яьллачу хенахь Коьлн гIалина гуонахьарчу нохчашлахь дуьйцуш хилла, нохчех вокзалехь цIена буьйцуш нохчийн мотт болуш немцойн йоI кхеттера, цуо чIогIа гIо динера вайчарна, бохуш“.
Мадинас дийцинчух тера догIуш ду кхин цхьаъ нохчашлахь лелаш долу забаре дийцар. Цхьа ши жима стаг хилла хIинца Германе мухIажарш санна схьакхаьчна. Шаьшшиъ мичахь хьанна тIе ваха веза а, хIун ала деза а хууш ца хилла царна. Амма дуьйцуш хезна хилла муьлхачу а меттигерачу полисхошна тIе а вахана, куьйгаш хьала айдина, цхьаъ ала деза бохуш.
ТIаккха шаьшшиъ охьавоьссинчу цIерпошта вокзалехь шайна схьа мел гучу немцойн полисхочунна тIе а воьдуш, ши куьг хьала а айдеш, „Гитлер капутт“ олуш хилла кху шиммо. Полисхошна моьттуш хилла хIорш туристаш бу, шайца Iовдал забар ян гIерташ болу, цундела хIара шиъ тергал а ца веш, Iедалхой дIабоьлхуш хилла шайн новкъа.
Европехь кхуьучу нохчийн берашца а, церан дукха ца хууш хиларца а доьзна а ду шортта беламе дийцарш аренца болчу вайнахалахь лелаш. Къаьстина, цара нохчийн мотт буьйцуш а, нохчийн гIиллакхаш цара шайха лардан гIерташ а хаза хуьлу бохуш дуьйцу, Индербиева Мадинас.
Индербиев: „Францехь бехачу цхьаьна нохчийн доьзалера нана хилла шен йише телефон тухуш. ТIаккха шен итт шо долчу кIанте схьа а кхайкхина, телефон дIаелла, схьавола, нецига вистхила, аьлла. Цкъа а Нохчийчохь хиланза волчу цу кIанта шен ненайишига дуьххьара хаьттинарг „Неца, хьо кIай ю я Iаьржа ю?“ дара боху. Францехь шайн лулахь дуккха а африкахойн хилча, Нохчийчохь а нах кIай а, Iаьржа а чкъор долуш бу моьттуш хилла цунна...“
Кхин цхьаъ забаре а, амма иштта ойлане воккхуш дийцар карладолу Европерчу вайнахаца нислуш долу беламе хIумнаш дуьйцучохь. Хууш ма-хиллара хьалха Советийн пропаганда йолучу хенахь а, хIинца Оьрсийчоьнан пропагандано а Европа хьахош даима цигара маьттаза Iадаташ а, цигахь нехан вовшашца уьйраш а, ларамаш а, гIилкхаш а ца хилар билгалдоккху.
„Ур-аталла къона къанбалалца пен-пенах тоьхна бехаш болу лулахой вовшийн де дика деш а, я войшийн бевзаш а ца хуьлу Европехь“ - иштта дуьйцу оьрсийн пропагандано. Иза хезаш кхиина волчу цхьана нохчийн жимчу стаго яздина хьастагIа интернетехь шеца хилларг.
Балха хIоьттина хилла хIара Францехь цхьаьна фабрике. Болх буса бан безаш хилла. ХIораммо а шеца садоIучу хена кхалла хIума а цIера дIаяхьа езаш хилла. ТIаккха кхано буьйса юккъе яьллачу хенахь садоIу хан тIекхаьчча, ша хIума кхалла хиира боху.
Шеца балхахь волчу францхочуьнга схьавола, соьца хIума кхалла ала а лууш, амма церан доцучу гIиллакхех шортта дийцарш оьрсийн телевизионехь хезна волу цуьнга ша хIума кхалла аьлча, ша цунна схьа, олуш ма-хиллара, „акха колхозхо“ ву моттар кхоьруш, вист ца хуьлуш, шен наппагIа хьала а даьккхина, хIума кхаьллина хIокхуо. Жимма хан яьллачул тIаьхьа шен рогIехь садоIа хиинчу францхочуо шен юург хьала а яьккхина, ша кхалла волавалле шега элира боху, схьавола, цхьаьна юу вайшиммо, аьлла.
Шен дахарехь цу буса санна эхь хетта а, юхьIаьржа хIоьттина а вацара ша бохуш яздора цу жимчу стага, оьрсийн пропагандано хIун дуьйцу а хьаьжна, нийса бIостанехьа дерг бакъдуйла хаа дезах хиларна а рогIера тоьшалла а хилира шена, бохуш.