Кху тIаьхьарчу шерашкахь зеделла ма-хиллара, кхечу кIошташкахьчул хаъал лакхарчу тIегIанахь даладелла, зевне, харж ца кхоош, билгалдаьккхина Нохчийчохь Гитлеран Германина тIехь толам баьккхина 70 шо кхачар.
Цу дийнан сий-лерамна карладаьккхина ур-атталла Рейхстаг тIе, мостагI къарваларна тоьшаллина толаман байракх йогIар а. ХIаваэхула бен-бен байракхаш а лепош, хихкина кеманаш а, кхиссина шатлакхаш а. Цу кепара къаьхьа денца и де билгалдаккхарна резаберш санна дукха бу Нохчийчохь дуьхьала берш а. Цу тIаьххьарчара и дузу къам дохадарца.
Гитлеран Германина дуьхьал бечу луьрчу тIамехь оьгуш бIеннашкахь нохчийн кIентий а болуш, къам Сибрех а хьажийна, и тIом бицбеш, лан йиш йоцу къа-бала лайтина вайнахе.
Миллий, мацаллий, цу гIелонца доьзна яьржинчу цамгарша эзарнашкахь Iожалле берзийна бехк-гуьнахь доцу нах: бераш, зударий, къаной. ДIадерзо де доцуш, лара ца луш я хан йоцуш, хийла декъий дисна лайлахь Iахка, аьчган некъ маббу. Карахь-марахь схьаэцнарг бен хIума доцуш, къацахетаршна бисина хьал-бахамаш.
Герггарчу барамехь ишта къамелаш хазадо бахархоша толаман лоручу 9-чу дийнан хьокъехь. ТIех шовкъе, йоккхачу гIовгIанца рогIера де даздар цхьаболчара дузу Оьрсийчоьнан куьйгалхойн шайна совнаха а дивидендаш яха гIертарца а, халкъалахь лахбелла богIу шайн лерам лакхарчу тIегIанахь латто лаам хиларца а. Цу тайппа ойла кхобучех ву соьлжагIалара тергамхо Идрисов Муса.
Идрисов: «ХIинца санна даздарна дуьхьал ву со. Шайна дивидендаш яха, шайн цIе ца йожийта лело хIумнаш ду дукха. Толам баьккхина, дажал вухаваьккхина. Тахана коьртахь болчу хьаькамаша лелош къизалла хила ца еза, и дIаяккхахь и хир бу-кх толам».
Толаман де даздарна ша дуьхьал вац боху Мусас, амма цIарна,халкъ Iехо лелочу хIумнашна реза вац. Цу дийнан лерам а, сий а деш хала хене бовлучу бахархошна, хьехархошна ,лоьрашна алапаш тIе стенна ца туху бохуш, хеттаре вуьйлу соьца къамел деш волу Идрисов Муса.
Идрисов: «Даздан деза, кхечу агIор даздан деза. Цара шаьш боху шозза алсам харж а, ницкъ а хьажийна кхушарлечу толаман де даздарна. ХIунда ца боху цара кху денна лерина белхошна алапа тIетуху шаьш, ягочу газана, токана, хина охьаюьллуш йолу ял лахйоккху оха ма ца боху цара.
ХIара газ вайн ишта а юхкуш ю, цунна мах лахабоккху стенна ца боху? ТIе хIунда бетта мехаш? Харцо ю цу буха йиллина. И харцо ца гайта «уре» бохуш бу уьш. Адам тохарлерниг дац. Халкъана церан тIуьйранаш кIордийна. Iедалехь болчара шайна чухьокхуш дерриге а».
Толаман де даздаран агIонча ву новркIоштахо Солтабиев Апти. Цуьнца а дузуш цо хьахийра махкахь Iедалехь болчара детташ долу зил-дозанаш а, Оьрсийчоьнан низам тергамза а дуьтуш, шайна бIегIийла йолччу агIор бахархошка кхийдо бехкамаш.
Солтабиев: « Нохчашна тIехь кхолла а ца кхуллуш хIума дисна а дац! Нохчаша шаьшша шайна тIехь даккха а ца доккхуш эладитнаш а дац. Эзарнаш нохчий эгначу тIамехь баьккхина толам стенна базбо бохуш, дийца боьлла хIинца. Ловзар хIун до бохуш луьйш бу! Зуда ма ялае, ишта - вуьшта ялае бохуш луьйш бу".
Дешначу стагна, Iедалехь волчунна 8-9 зуда яло мега,со иман дуьллуьйтуш ву кхаьрга бохуш. Дитийша къам даха а, деба, сакъера а. Суна Толаман де даздар товш ду, стенна аьлча, шиъ цIечу байракхан Орден а йолуш тIом бина ву сан деваша а. «Со Сталин ларвеш вацара. мохк ларбеш вара», олура цо.
Сийлахьчу даймехкан тIамтIехь толам баьккхина де тIеэцар а, къобалдар а хьокъехь нехан тайп-тайпана хетар-хьажамаш хилар керла дац Нохчийчохь хьовха, Оьрсийчохь а.
Цунна чот йоцуш тоьшаллаш карадо интернет машанехь а, зорбанехь а, кхиболчу хаамийн гIирсашкахь а. Дукхахдолчу хьостанаша кхеторехь, Толаман дийнах кхушара къаьсттина хьасартне дийцар, бахархойн тидам цунна тIеберзо гIертар доьзна ду пачхьалкхех тергаллучу, кхето атта доцчу, чолхечу хьолах.