Байначех догдилла хала делахь а...

КIентийх дог ца дуьллу наной

Байначу нехан гергарчеран гулам бара тахана Соьлжа-гIала юккъахь дIабоьдуш. Бахьана дара, дIалаьцна а, лар йоцуш байна нах амнисти а йина, цIа хоьцур бу бохуш, дукха хан йоцуш, интернетан гIирсашкахула баржийна хаам.

Даиманна яйна хуьлуш йолу хIара телефон, цхьа ши бутт хьалха, ватсапехула дIасаяьржийнера. Цига дIатоьхча, шай байначу нахах дерг хуур ду аьлла, хаам бара кар-кара а луш дIасакхоьхьуйтуш.

Дийцарехь, Соьлжа-гIаларчу Зорбанан цIийнехь ю бохуш дара, байначу нехан спискаш. Шинарийн дийнахь, Iуьйранна дуьйна оцу меттехь, ткъех зуда яра. Зорбанан цIийна чу воьдучу неIара тIетоьхна кехат дара, и спискаш кху чохь ю бохург бакъ дац, уьш хилла а яц аьлла.

И къамел бакъ долуш санна дуьйцура цхьана жимчу стеган озо. Дийцарехь, 90 эзар нохчи, харцонца а, бакъонца а дIалаьцна волу, набахтешкара аравалийта кечвина ву бохура цо.

Жимачу стеган аз(ватсапехула): «Ассаламу Iалайкум, йижарий-вежарий. Зорбанан цIийнехь спискаш ю боху шуна, вай байначу нехан. КестолгIа уьш арабохуш бу боху. 90 эзар ца кхоччуш нохчий ву боху царна юккъахь. Масане хуьлу, воьвза-везарг а. Оцу Зорбанан цIийне а дахана, оцу спискашка хьаьжча, цигахь карор бара аьлла дара».

Бакъ хир дацара те бохуш, Зорбанан цIийна хьалха дукха зударий, къена а къона а, бераш а, майрой а, вежарий а байна болу, шаьш Iехийнийла ца тешаш бехха лаьттира.

Царна тIебаьхкира оцу гIишлонна гIароллехь лаьттарш а, бакъонашларъярхой а. И зударий кхето гIертара, амма, дукхачара тIе ца оьцура шайга дуьйцург.

Царах кхета а хала дац, сайтисам белла царна, бух бацахь а. Цундела, цхьана чIишалгалла бен иза бацахь а, цуьнах тасабеллера, сатийсам байна болу уьш.

Бакъонашларъярхо-журналист Саратова Хеда а кхаьчнера оцу метте. Цо Маршо Радиога дийцира, байначеран гергарчаьрна тIехь, и хIума лелош хилар.

Саратова: «Тахана соьга телефон а тоьхна, тIеехнера со цига. Зорбанан цIийнехь цхьа спискаш ю бохура. Со цига тIееъча, цара тахана бохуш дерг, и харц спискаш а яржош, и харц хIуманаш а дуьйцуш, шай иштта а доьхна долу дог, ма дохадахьара бохура. Массо а яьрташкара схьаихна бу и нах. Цхьанна а агIора, аьтто белахь, оцу нахах тхо лардахьара бохура цара».

Оццула халкъ гIатта а дина, бух боцу сатийсам царна бала а белла йолу зуда, цхьанна а гина а, я хезна а яц, я лакхахь ма гарра, телефон а болх беш яц цуьнан. Цо иза хIунда лелош ду, ца кхета ша боху Саратова Хедас.

Саратова: «Оцу зудчунна тIекхаьчна а, гина а стаг вац. Цунна тIекхочуш а вац цхьа а. Шен зIенаш а ю, шена и нах мичахь бу а хаьа бохуш, къамелаш до цо.

Иштта Зорбанан цIийнера а, цхьа хIума а дина араяьккхина ю бохура иза. Модийн цIийне дехьаяьлла иза. Чуьра вацахь а, шича-маьхча ванза цхьа а доьзал бац вай цIахь. Наха соьга телефонаш етта, бала бу-кх оцу нахехь баллош берг».

Лар йоцуш байначу нехан бала тахана Нохчийчохь уггаре а ира лаьттачарех бу. Официала хаамашца, мел лаххара а 5 эзар стаг ву царна юккъахь.

Амма юккъараллехь лелачу терахьашца, иза кхин а алсам хир ду. Тамашийна дерг ду, байна нах мичахь бу къастош ца хиларалла сов, декъий лохуш а махкахь беш блолх бац.

Стохка, генетикийн 60 паспорт деллера байначу нехан гергарчаьрга. Массийта шо хьалха, декъий къастош йолу лаборатории а йоьллура ю, аьлла дара. Оцу гIуллакхана Евроберто ахча луш дара, амма Оьрсийчуьрчу Iедалша хIинца а йист яккхаза ю.