Бинчу тIемел а дахделла минаш дIалехьор

Нохчийчоь --минех цIанъяза аре,2015

Гвардеец а, Калиновский а, Альпийский а, цIераш йолу тIеман кхо полигон ю цIанъйийра йолуш. Шаерриг вовшахтоьхча I00 сов гектар латта ду иза. И болх бан леррина къастийна ву 200 эскархо.

Дукхачу хьолехь, оцу полигонехь цара дIаяьккха езаш ю тIеман Iаморш дIахьочу хенахь, лелхаш дисина яьккхийн тоьпийн хIоаш а, минаш а. Уьш мел хир ю гойту, дIаяьллачу кху цхьана Iай, цигахь I0 тактикийн Iаморш а, I50 тIеман герз тохарш а, цхьа эзар ца кхочуш могIарера герз тохарш хиллийла къаьстича.

Хала йолчу меттигашкахь, лаьттахь долу и эккханза долу герз лохуш леррина Iамийна жIалеш хир ду.

Тахана маьрша дахар Нохчийчохь дIахIоьттина делахь а, минийн бала ира лаьтташ бу махкахь. Хийла меттигаш ю оцу кхерамечу хIуманех цIанъянза. Жигара тIемаш ца хиллачу Шелковской кIоштерачу Шелкозаводской олучу юртдас Коканаев Руслана иштта дийцира цуьнах лаьцна.

Коканаев: «Сан ваша ву латта лелош фермер. Цуьнан ду I0 гектар латта а, I0 гектар беш а. Оцу бешахь хIурдан гIашлой лаьттина. Цу юккъе трактор яхийта а, я машен яхийта а, йол хьакха а йиа йоцуш хьолехь ду цуьнан гIуллакх. Минаш дIайохуш болх дIабоьдуш бу бохуш, дуьйцуш-м ду кхузахь. Техника а лелла кхузахь, цIанъеш. Амма, массо а меттигашкахь уьш лелла бац.

Хьаннашкахь кхузахь йолчу, суна хаарехь, уьш ца хилла. Жигара тIемаш хилла меттигаш а яц хIорш. ТIеман тобанаш лаьттина цхьайолчу меттигашкахь. Уьш лаьттинчохь йисина цхьацца кхераме хIуманаш. Сан гергарчу стага, трактор яхийтинера оцу юккъе. Ша хIинца, вола а велла, генаш хедош а, цхьацца белхаш беш лела-кх иза».

Шелковский кIоштехь, минех зен хилла лазийна, я байина дукха нах бацахь а, уьш мел а болуш бу боху Коканаев Руслана. ТIемаш ца хиллашшехь шаьш долчохь уьш оццул хилча, буьрса тIемаш хиллачу меттигашкахь, мел хир ю уьш, бохуш дийцира цо.

Коканаев: «ТIом дIабаьллачул а тIаьхьа, салтий лаьттинчу меттехь, цхьана берашна карийнера мина, иза иккхина, куьйгаш а дохош, сан урамехь вехаш ву-кх цхьа жима стаг. Суна схьахетарехь, эскархой дIабоьлхучу хенахь, царна тIехь Iуналла дан цхьа а вацара. Шайна луъург леладора. Цхьацца болчара, леррина йитина а хир ю шаьш йоьхкинчахь».

Нохчийчохь 20I7 шо тIекхачале 7 эзар сов гектар хьаннаш ю цIанъян езаш, эккхазчу минех а, яьккхий тоьпийн хIоъех а. 20I4 шарахь и болх беш 2 эзар ах эзар гектар тIехь карийнера 3 эзар ца кхоччуш эккханза кхераме тIеман гIирс. ТIаьххьараниг карийна, кху деношкахь Соьлжа-гIалахь тIеман ветеран вехачу цIа чохь.

Даймехкан Сийлахьчу тIамехь толам баьккхина 70 шо кхачарна иза декъалван баьхкинчу низамхошка цо арз динера, шена хIумма а ца оьшура, шен цIийна бухахь йоллу бомба дIаяьккхахьара аш аьлла. Сихонца, цига баьхкинчу сапераша и дIаяьккхира. Хетарехь, иза дара къеначу ветеранна доккха совгIат.