Гучигов Нажуда нускал дуьгучу юкъанна...

Гучигов Нажуд а, Кадыров Рамзан а (аьр-аьтт)

Прессехь кху дерриг а кIирнанах айийна йийцинчех ю Нохчийчуьрчу Нажи-Юртан къоштан полицин хьаькамо Гучигов Нажуда шел кхузза жима йолу оццу къоштарчу БайтIаркъера Гойлабиева Луиза маре йигарх тема. ХIинца дерриг а дирзина лара деза – ловзар ду дIадоьдуш...

Къена маре ца лаахь а, луучуха ца дича ца яьллачу Гойлабиева Луизех а, шегара яхь охьа ца йилла хьийзачу Гучигов Нажудах а оццул дестина, дахдина стенна дуьйцу? Дуьххьара йоI-х яций кху дуьнентIехь хан кхеттачуьнга маре йоьдуш, хьалхара-х ваций кхиазхо ялош?

Лела бакъо йолуш ду цхьаболчу нахера хеза и хеттарш, цабашарш, дог-этIамаш, сардамаш, кхардамаш – дерриг а цхьаьна тарлуш ду лела.

Ткъа хиллачух кхетарг кхета – Нохчийчоьнан да мила ву, иза хьенан лаамехь ю, цигахь хьенан дош лела, мила хьан къарво бохучу хеттаршна жоьпаш луш дирзина, я дерзийна и бен-башха доцу захало.

Доладелира дерриг а Гойлабиева Луизин гергарчу цхьана йоIа яздина аьлла, ватсапехула мехкан администраторан Кадыров Рамзанан тергоне кехат диллича.

Яздира шен инстаграмехь Кадыровса. Яздира Гучиговгахьа а ваьлла, йоI лаамехь йоьдуш а ю, низамца галдолуш хIумма а дац, аьлла.

Амма нахана Кадыровн йоза дайра, ткъа ца хезира Гойлабиева Луизех доглозуш цуьнан нийсархочо кхайкхийна орца.

«Йа АллахI, ма доккха хIума ду, нене шен доьзалхо шена лууче маре яхийта йиш яц бохург. Рамзан Ахматович, хьан а ю хьуна йоI, хьайн йоI йохуьтур ярий теша ахь цу Нажуде, цуьнга самукъа даккхийта? Дала чIир оьцур ма ю харц волчуьнгара...

Гойлабиева Луизин тIехьийза кIант ву, цунна а гIелойина, хаамбора кехат яздечо. «Хьайна Дела а, Пайхамар а, устазаш а безахь, и Нажуд сацаве, гергарнаш лаамехь реза хилла бохучу пуьташка ла ма дегIа, хьо-м тхуна тха ден а, вешин а метта хила везаш вай, тхан дола деш...» - аьлла дара ватсапехула Кадыровга ден дехар.

Орцанна араяьлла, массех артикл арахийцира, «Керла Газетан» корреспондента Милашина Еленас. Уьш бахьанехь дикка гIело а цо ша бадийна лелочу новкъахь. КхидIа лан а дезар ду - бехктакхаман дов айдина хIнца цунна дуьхьал.

2013-чу шарахь «Майра Зуда» олу дуьнанюкъара преми Милашинина елча, Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона цунах лаьцна, иза Оьрсийчохь уггаре лоручех а, нехан дегнашна тIекхочучу а журналистех ю, элира.

Делахь а кху деношкахь, къена маренах йоI къелхьараяккха гIерташ хьийзарна, Милашина Елена цхьанхьа а ца магаеш, гезйоху Кадыров Рамзанна муьтIахьболчу журналисташа а, политикаша а, ур-атталла, бакъоларъярхоша а.

Шен Байтаркъе, йоIах дагаяла яхарх хилларг, журналиста иштта довзийтира.

Милашина: « Мемориалан векалца тхо болок-постехь совцийра, тергонехь кхобура тхо, машен дIаязйира Новолакскехь , Дагестанан дозанехь, цигахь лаьттарш оьрсий бара, тхуна сагатдеш а бара, цара шу кхуза кхаьчча хаийта аьлла шайга хьакамаша, бохура.

Тхо догIийла дIахаийтира телефонехула. Соьга, ларлуш хила, хьо нохчийн ницкъаллин урхалло тергоне эцна-хьуна элира. Нохчийчу лелачу кху шерашкахь со дуьххьара эккхийна нохчийн доьзалера, цу тIе сох куьйгаш а детташ, тоьттуш араяьккхира.

Иза дийриг цIийнан дай а бацара, оцу хIусамна хийра нах бара, суна уьш муьлш бара ца хаьа.

Сан Гойлабиева Хедин гергарчаьрца хилла къамел телефончу яздеш дара, Хедас ма яздахьара а бохуш. Ца дайтира тхоьга къамел. ДIагIо бохура соьга Нохчийчуьра а.

ГIур яц. Со журналист ю, хIара сан болх бу. Ткъа нагахь санна кхечу кепехь, тхан газетехь цкъа хилла а ма ца Iай, бакъоларъярхочуьнца Эстемирова Наташига санна, соьга болх битийтахь, иза церан харжам бу. Сан метта кхин хIуттур ву-кх кху балха тIаккха а».

Your browser doesn’t support HTML5

Милашина: За нами следили все время

ТIех кхин зен хилла хIума дац кху ерриг а исторехь Милашина Еленина. Цо ловр ду Байтаркъехь шена нохчийн къоман гIиллакхехь, амалехь доцчу кепара багатохар.

Ца хилла зен пачхьалкхехь кхиазхойн бакъонаш ларъяр тергонехь кхаба къастийначу адвоката Астахов Павелна. Цо нохчийн амалехь ду къеначу стаге мехкарий маре эхар, шаьш сиха къанло дела, церан гIиллакх царна дита, аьлла прессехь, Гойлабиева полицин хьаькаме баккъал а шена а лууш йоьдий толлуьйтучу меттана.

Цхьа а зен ца хилла Нажи-Юьртахь иккхинчуьнца доьзна я Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин лаккхарчу гIопаста тIера схьа, Нохчийчохь цхьаммо а цхьа а яц ницкъаша маре ийзош аьллачу депутаташна а.

Ткъа хIун ду хилларг?

Байтаркъерчу нехан леларх а, Нажи-Юьртарчу ловзарх а лаьцна хетарг довзийтира Маршо Радиона Руманис, Соьлж-ГIалин яхархочо. Къам хийцаделла, къиллодаьлла, тIехь лаьттачу Iаткъамо хийцина, аьлла хета Руманина.

Your browser doesn’t support HTML5

Румани: Къам балехь ду, амма мукъа а дер ду, Дала мукъалахь...