Бостонерчу куьпан кхелахь I6 сахьтана сов вовшашца дагадовларш дIадаьхьначу бехккъасторхойн тобано луьстуш дара, шаьш жимма хьалхехьо, Охан-баттахь Бостонерчу марафонехь терроран эккхийтар дарна бехкелеринчу Царнаев Джовхарна муьлхарниг таIзар дан догIу.
Ши таро яра церан цу тIехь – я Царнаевна верца кхел кхайкхор, я иза велладIаваллалца набахтехь валлон сацам бар. ПIераска буса эххара шайн сацам бовзийтира цара кхелахь – Царнаев Джовхар вуьйр ву, цунна дIавшах буьзна маха тохарца.
Кхузахь хьахон догIу, нагахь санна I2 бехккъасторхойх цхьаммо мукъане цунах къинхетам бан догIу, вен а ца вуьш, аьлла шен аз айдинехь, и кIант дийна вуьтур вар, шена тIаьхьайисина йолу хан набахтехь яккха цуьнан дезар делахь а.
Кхелан кхерчахь цу процессана тIехь терго еш хиллачу хаамийн гIирсаша дийцарехь, шена вен кхел йинийла хезча, Джовхаран юхь тIехь цхьа а хийцам ца хилира. Цуо собарца тIеийцира бехккъасторхойн сацам.
Ткъа шаьш иза вен сацам бина болу бехккъасторхой, мелхо а, вуно дог доьхна а, вас хилла а бара бохуш яздира шен Твиттер агIонна тIехь евзаш йолчу журналиста, „Iамеркан аз“ радион корреспондента Тлисова Фатимас яздинера, цхьаболу бехккъасторхой боьлхуш бу, ткъа Царнаев корта охьа а бахийтина, хиина Iаш ву, аьлла. „Царнаев куьйка керанаш вовшах а хьоькхуш Iа, доккха са а даьккхина, дIаара вели. Кхел дIайирзи“ - иштта дара цуо кхелан кхерчара дийцина сурт.
Шен рогIехь Associated Press агенталло хаам бо, шайн белхахой хьалхарниш бара, Царнаев деца телефонехула зIене а бевлла, цуьнга и шийла кхаъ баьккхинарш, бохуш. Агенталло дийцарехь, шен кIантан вен кхел кхайкхийна аьлла шега дIаяьлча, Царнаев Анзора докха са а даьккхина, вист ца хуьлуш, телефон охьа йиллинера.
Доллучу дуьнентIехь кIирбеллачу тидамца тергалйеш яра Царнаев тIехь дIахьош йолу кхел. Къаьстина вайнаха боккхачу сингаттамца тидам латтабора цунна тIехь. Кхелан сацам бевзинчул тIаьхьа Малхбузехь бехачу нохчшаша телефонашкахула а, социалан машанашкахь а халахетарца а, догмовла бовларца, амма уггаре а хьалха, цу кIантах а, цуьнан дех-ненах а къахетарца бийца баьккхира кхелан сацам.
Тамашийнарг ду- цу дийцаршкахь дакхалоцучу массарна а аьлча санна вайн махкахошна шеконе хета хиллане а Царнаев шена дуьхьал тоьттучу зуламна бехке хилар. Иза цхьаммо Iехийна, я цунна бехк боцуш тIетоьттуш ду и зулам бохург ю дукхахболчу вайнехан цу хьокъехь юкъара ойла.
Германехь ехачу 25 шо долчу Сулейманова Залинас дийцира Маршо радионе, и кхаъ хезча дуьйна схьа и кIант а, цуьнан да-нана а дагара дала ца туьку шена, дукха царех къахеташ, бохуш.
Сулейманова: „Сийсара и хIума схьахезча дуьйна схьа цунах вас хилла, иза ца лалуш Iаш ю-кх со. Иштта кхузара массо а стаг а ву. И кIант вевзаш а, гина а воцушехь оха а иштта хала ловш хилча, цуьнан ненан а, ден а хIун дог хила деза теша? Хьашт доцург ду-кх иза. Цигахь хилларг бакъдерг вайна ма-дарра хууш дац, я иза вайга хоуьйтур а дац. Даккхий хIумнаш а ду кху дуьненчохь хуьлуш дерш. Къа ду-кх цуьнан, суна-м ца хета иза бехке ву аьлла“.
Изза ойла йолуш ю Францера Довлетмирзаева Тамила а. Цунна хетарехь, бехк боцуш дакъаза воккхуш ву Царнаев Джовхар.
Довлетмирзаева: „Дукха къиза кхел ю-кх цара цунна йинарг. Жима ма ву иза, 21 шо бен а дац цуьнан. Иза билгал цу юккъехь хиллийла хууш а дац. Цхьаммо Iехийна вигина хир ву и цу юккъе, я цххьаммо цуьнан бехк а боцуш, цунна дуьхьал и питана дина. Къа ду-кх цуьнан, дакъаза ваьлла-кх иза“.
Ткъа нагахь санна иза цу зуламна, кхело сацам ма-барра, бехке велахь, цуо цхьа а бехк боцу маьрша нах байъар бакъдой ахь, тIаккха йогIий цунна иштта луьра кхел аьлла шега хаьттича, Тамилас иштта жоп делира.
Довлетмирзаева: „Иза вуо хIума ма дуй цигахь динарг, цхьа а адам ас сайга хаьттича доьйтур дацара, бакъдан йиш йолуш хIума ма даций иза маьрша нах байъар. Амма цу Царнаевс уьш байъина аьлла ца хета суна, ца теша со, цуо шена хууш и хIума дина аьлча“.
20I3-чу шарахь Бостонехь эккхийтарш хиллачул тIаьхьа Царнаев Тамирлан вен а вийна, ткъа цуьнан жимаха волу ваша ДжовхIар Iамеркерчу Iедалша лаьцна чувоьллича, Венехь бехачу нохчийн цхьаьна тобано митинг йира, и кIант бехкехиларх шаьш ца теша, цу кIантана дуьхьал къайлахчу сервисаша питана динчух тера ду, аьлла.
Венерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан куьйгалхо волчу Мусалатов Шайхис а боху, я ша а, шен накъостий а Царнаев бехкехиларх тешаш бац. И зулам цхьана кхечу пачхьалкхан къайлахчу сервисаша дина аьлла хета цунна, нохчийн цIе Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а бехйархьама а, и пачхалкхе нохчашца гома хилийтархьама а.
Мусалатов: „Цхьа шой, ах шой хьалха кху Венехь вайнаха митинг йира, и кIант бехк боцуш лаьцна аьлла хеташ, цунна дуьхьал цхьаммо питана диначух тера ду аьлла. Со суо а ву тешна и хIума къайлахчу сервисаша дина хиларх. Нохчашна и санна долу хIума тIейаздан атта ма ду. ХIунда аьлча хIинцалца схьа вайнахаца къинхетам болуш пачхьалкхе яра Iамерка. Царна гайта, хьовсал, иштта нах бу шуна къахеташ берш, аьлла вайн дуьхьал уьш баха дина хета суна“.
Муьлхачу а пачхьалкхан елахь а, цхьана къайлахчу сервисийн питана ду аьлла тешна ву хьастагIа Маршо радиоца цу хьокъехь къамел дина волу политолог Асхабов Хьамзат а. Бакъду, и зулам ша кIоргера теллина хиларх терра, ЦарнаевгIара ши ваша цуьнан декъа хилла бохучух тешна ву иза, муьлхачу бахьнийца и шиъ цу декъа нисвеллехь а.
Ткъа Царнаевн верца кхел кхайкхор цецвала оьшуш хIума дац боху политолога, нах байъа кийча верг ша динчунах жоп луш ша вала а кийча хила веза дена.
Асхабов: „И хIума дина волу стаг, шеко а йоцуш, кхераме зуламхо ву, иза вен а вогIу шарIаца а, сан сайн кхетамца. Суна иза нохчо велахь а бен дац, муьлхачу къомах велахь а бен дац, цуо и зулам динехь цу стагана верца кхел йогIу аьлла хета суна. ХIунда аьлча, айха динчу хIуманна жоьпалла тIе эца кийча хила веза хьо, хьо бехк боцу нах байъа кийча велахь тешна а. Цара цунна вен кхед яхь, иза цара цу кхелаца вехь, дуьненчохь ша динчу зуламах бехк цуо текхна хиларх терра, эхартахь аттох хила мега-кх цунна
Бехккъасторхоша Царнаев верах тIеэцна болу сацам кхочуш маца бийр бу цкъачунна хууш дац. Там бу, и цу тIе далале беттанаш я шераш довла а. Мухха делахь а, цуьнан адвокаташ цу сацамна дуьхьал аппеляци ян дагахь бу.