„Евровижн зонг контест“, аьлча а „Еврогайтам“ цIе йолу эшаршлакхархойн къовсам официала схьабеллар даханчу кIирандийнахь хилира Австрин коьртачу шахьарехь. Цул тIаьхьа деана доллу кIира а цу къовсаман тайп-тайпанчу декъаша билгалдоккхуш ду Венехь. Шинари дийнахь хьалхара финал яра, ткъа еари дийнахь ахфинал.
Къовсам схьабелларан церемони Венерчу РатхIаусан я вуьшта аьлча оцу гIалин мэрин хьалхарчу майданахь дIаяьхьира. Къовсамехь дакъалоцучу 40 пачхьалкхара эшаршлакхархой цхьа-цхьацца чекхвелира цу майданахь тессинчу цIечу палас тIехула.
Царех хьалхарниг, кхеташ ма-хиллара, даханчу шарахь Еврогайтамехь толам а баьккхина, и къовсам Австре балийна волу меттигера Нойвирт Томас вара, маж йолу зуда Кончита Вурст санна дуьненна вевзаш волу.
ТIаьхьарчу ялх шарахь тIекIел кху лаьттахь уггаре а Iер-вахарна аьхна гIала санна билгалйаьккхина йолу Вена, иштта а исбаьхьа йолу, кхин а къегина, кечйелла,хазъелла дIахIоьттина цу хиламна – Еврогайтамна- кечлуш. Йоллучу гIаланахь дIасаихкина ю къовсаман символикаш. МаьI-маьIехь базарш хIиттийна, бIеннаш эзарнашкахь баьхкинчу туристашна а, гIалин хьешашна а кхоччуш даа а, мала а Iалашдархьама.
Иштта гIалин яккхийчу майданахь нана-даккхийн телеэкранаш ихкина, луучарна миччахь а Еврогайтаме лайф эфирехь хьажа аьтто беш. Царех уггаре а доккхах долу телеэкран Венин мэрина хьалхарчу майданахь ду. Масех эзар стаг гулло цигахь къовсаман программа йоьдучу сохьташкахь, шайна юккъехь меттигера бахархой а, тIебаьхкина хьеший а болуш.
Шинари дийнахь дIаяьхьанчу Еврогайтаман ахфинале хьажа цу майдане бахнера Венехь бехаш болу цхьаболчу нохчи а. Гайсумова Хьава а яра царна юккъехь, шен берашца а, кхиношца а, марвешин берашца а цхьаьна. Цо вуно йоккхаерца дуьйцу шен а, берийн а Еврогайтамех самукъадаларх лаьцна.
Гайсумова: „Вена чIогIа кечйина кху деношкахь, Еврогайтам бахьана долуш. Массо меттехь гуш ду иза вуно доккха даздар дуйла. ЧIогIа аьхна ю хIара гIала туристашна а, хьешашна а. Интервьюш луш гуш хуьлу дукха туристаш, шаьш кхузахь тIеэцарна вуно резаболуш. Меттигерчу нахана боккха синкхерам бу и хилам. Тхо берашца цхьаьна дахнера ахфинале хьовса, бераша шайна хазхетачу эшаршлакхархошкахь дара, церан шайн чам ма буй, ткъа тхо, баккхийраха берш, кхечаьргахь озабезам болуш дара. Финале хьовса а гIур ду тхо“.
Еврогайтам дIахьочу Венерчу Шанан Арене билеташ вуно деза дара. Уьш 80 евро тIера I500 еврога кхачалца мехаш долуш хиллехь а, тоххарехь эца ца кардеш, дIадевлла дукха хан яра. Делахь а, мах белла, цига ваха ца оьшуш, арахь лайф эфирехь деригге а вуно дика гуш ду бохуш дуьйцу Гайсумова Хьавас.
Гайсумова: „Билеташ-м вуно деза дара цу шоуна. Амма ахча а делла, билеташ а эцна ваха оьшуш а доцуш, арахь вуно дика дерриге а схьагуш ду мехаза. Экранаш ю яккхий массанхьа а дIайиттина, къаьстина мэрина хьалха дика хьажло цу гайтаме“.
Кху шарахь и къовсам 60-гIа дIахьош хиларх терра, цхьа могIа хийцамаш бу цуьнан программехь. Мелла а хийцина ю хIинцалера конкурсан логотип. Дуьххьара оцу къовсамехь дакъалаца юкъайитина Австрали а, и пачхаьлкхе Европина мел гена елахь а. Иза а 60 шеран юбилейца доьзна ду. ТIаьхьа тIейогIучу хенахь къовсаман декъа хир яц иза, нагахь санна цо кхушарахь толам ца баккхахь.
Иштта кху шарахь цу къовсамехь дакъа ца лоцуш, сецна Туркйон мохк, цигахь кхаьжнаш тассаран системина ша реза ца хиларна а, ткъа иштта маж йолу зуда санна гIарваьллачу Нойвирт Томасна, я Вурст Кончитина даханчу шарахь толам баларна протест ярна а.
Масех шо хьалха Еврогайтамехь толам баьккхина хилла Украина а Iийна кху шарахь ца йогIуш, шайн пачхьалкхехь финансийн а, политикан а кризис бахьана долуш.
Вуно исбаьхьа кечдина ду къовсам дIахьош долу кирхьа а. Хьалха Бакухь а, Дюссельдорфехь а дIабаьхьана хиллачу Еврогайтамашкахь кирхьа кечдеш дакъалаьцна волчу вевзаш волчу австрихойн дизайнеро Вилер Флориана кхоьллинчу проектаца йина ю иза.
Инзаре боккхачу бIаьргах тарйеш йолу кирхьа вуно тамашийначу серлонан эффекташ ловзарца къагош ю. 1244 серлонца кхеличну бIогIамашца кечйина ю эшаршлокхархоша шайн говзалла гойту меттиг.
Ала догIу, и къовсам Австрехь хIинца шозлагIа дIахьош хилар. 48 шо хьалха Удо Юргенс цIе йолчу меттигерчу эшаршлакхархочуо, даханчу шарахь кхелхина волчу, цу конкурсехь толам баккхар бахьана долуш, 1967-чу шарахь Вене кхечира Еврогайтам.