Дай-наношкара бер дIадоккху бIоба - Barnevern

Норвеги -- Barnevern, дай-наношкара Iуьналла доцу я цара харц кхиаден бераш дIадоху урхалла

Европехь бехачу нохчашлахь кест-кеста даьржа, цхьацца доьзалшкара бераш дIадаьхна боху хабар. Къаьстина, Норвегера берашна тIехь тергояран хьукмат ю гIараяьлла. Дукха хан йоццуш рогIерчу нохчийн доьзалх а хьакхабелла и сингаттам.

Муьлхачу а ден-ненан уггаре а боккха сингаттам а, церан уггаре а ирча гIан-набарш а ю, шайн доьзалхочуьнца цхьа Iоттабаккхам нисбалар. И бераш мичахь хьаьнца ду а ца хоуьйтуш, церан хьал-де довза йиш а йоцуш, цаьрца шаьш къастор ишттачех цхьа боккха бала бу. Хийраллехь, генарчу махкахь, тIекхача а, орцах вала а кхин гергарчех цхьа а воцучехь и хIума нисделча-м муххале а.

Делахь а, гIайгIане бакъдерг ду, Европехь бехачу вайнахах и сингаттам сих-сиха Iотталуш хилар. Берийн бакъонаш ларйечу а, берашна тIехь терго ечу а хьукматаша, цхьацца бахьанашца я наг-наггахь данне а бахьана а доцуш а, я шайна хетаделлачу-тарделлачу бахьанца, я цабезамхойн аьрзнашца, доьзалера болчу кхерамах кIелхьарадоккху олий, бераш дIадохуш нисло.

Баханчу охан баттахь Норвегехь ехачу Адамова ПетIаматера а яьккхина кхиина йогIуш йолу ши йоI цу кепара дIа. Барнаварн цIе йолчу, массара а, меттигерчу бахархоша а, тIебаьхкинчу нехан доьзалша а боккхачу кхерамца а, харцонаш лелош ю бохуш чIагIдарца а юьйцуш йолчу Норвегин берашна Iуналла даран хьукмато ишколера дIа йигина и 14 шо долий, 16 шо долий ши йиша. Официала бахьана – цу шина йоьIан 15 шо долчу вешо царна етташ хилла боху чIагIдар ду. Берийн нанас Адамова ПетIамата Маршо радионе дийцарехь, цхьа а бух боцуш ду и чIагIдар.

Адамова: „Тхо долчу кху Норвегехь вуно йоккха харцо ю доьзалшца юьйцуш. ТIаьхьарчу хенахь чIогIа дукха нохчашкара а даьхна бераш дIа. Сан йоьIан хьехархочуо, хетарехь, цхьана дийнахь а оцуш, массийта баттахь цунна тIехь тидамаш а беш, цуьнга хеттарш а деш, терго латтош, кечамаш бина хиллачух тIера ду, цу Барнаварн цIе йолчу хьукмате аьрзнаш а деш. Сан йиша йоI ишколера дIайигина, суна хууш хIуммаъ доцуш, суна сарахь бен хаийтина а дац хилларг.

Цу шиммо со бехке йина а яц, мелхо а, шайна шанй нана дукхаеза, иза дика нана а ю аьлла цара. Бехкевеш верг церан ваша ву, 15 шо долчу вашас етташ хилла цу шина йоIана бохуш. Иза бакъ дац. Уьш бераш ду, иза а бер ду, берийн вовшашлахь дов долуш а хуьлу, амма цуо царна еттара бохург бакъ дац, ас цунна иза могуьйтур а дацара, цуо йиттина сайна хиъча. Суна ши йоI гойтуш а яц, хозуьйтуш а яц, и шиъ мичахь а ца хоуьйту суна. ХIинца прокуратурера сацам бовзийтина суна, нагахь санна со цаьрца зIене яла гIортахь, я со уьш ган гIортахь, я урамехь богIуш гича со цаьрга йист хилахь, со чуйуллур ю, аьлла. Йоккха харцо ю цара соьца юьйцуш ерг“.

Ши йоI дIайигар нанна хилларг хилла даьллачул тIаьхьа, суьйранна бен хаийтина а дац Iедалхоша. Цул тIаьхьа Адамова ПетIамат а, шен шина йишина еттарна шеконе лаьцна волу цуьнан 15 шо долу кIант СалахIаддин а, жимах йолу 12 шо долу йоI, вуно йоккха а, кхераме а лерина операци еш санна, кхаа машенахь неIарга полисхой а баьхкина, тайп-тайпанчу машенашкахь, вовшашна тIе а ца кхочуьйтуш, полицин декъе дIабигина хилла. Цигахь цаьрца Iуьйранна 9 даьлча дуьйна сарахь ворхI даллалца хеттамаш бина, цхьа-цхьаццане. Къаьстина, 15 шо долчу кIентаца бала хилла Iедалхойн, ПетIамата дийцарехь, цуьнан телефон чохь тIемлойн сарташ а, радикала исламхой тIехь болу видеогайтамаш а карор бахьана долуш.

Адамова: „Сан кIанте цара хетта а ца хоьттуш хIума дитина дац. 15 шо дочлу берана цара вуно боккха беш психологикан тIеIаткъам бу. И кIант жима ву, цуьнга уллохь адвокат а воцуш, хеттамаш бан шун бакъо яц ас шайга аьлча, со тешийта телефонехула соьга цхьа адвокат масех минотехь вист а хилийтина, цул тIаьхьа цхьа а адвокат а воцуш, цуьнга масех сахьтехь хеттамаш бина. Телеофн дIаяьккхина цара цуьнгара, тIаккха цу чохь интернера схьаэцча тIемлойн сарташ а хилла, тIемлой тIехь болуш видеогайтамаш а хилла. Уьш ас хьалха сайна гича дIаяьхнера цуьнан цу чуьра, хаац, цара уьш меттахIотточу программица юхаметтахIиттийнийла а. И роликаш эцца интернетехь шорта ю, ас сайна хиъча, дIа а яьхнера уьш, цуьнан цхьа цаьрца кхераме интерес юйла сайна тусаделлехь, ас айса а цхьа орца дехна а хир дара, иза цхьа а радикалан хьежамаш болуш а вац.

Кху Норвеге иза схьавеана шо бен а дац, Нохчийчохь кхиина кIант ву иза, тхан кхин менталитет а, кхин Iадаташ а ду. Цхьана шарчохь цуьнах норг а хиллур вац, цунна алсамо хан ма еза, кхузарчу Iадатех кхета а, дIавола а аьлла ас, амма цара иза тергал а ца до. Дукха харцонашца а, низамаш хьешарца а лелош ду цара тхоьца лелош дерг, иза тхан адвокато а боху“.

Карарчу хенахь адвокатаца а, психологашца а цхьаьнаболх а беш, шен ши йоI йолу меттиг къастон а, и шиъ цIаерзон а, ткъа иштта шен кIантана кхоьллина йолу харц цIе тIера яккха а гIерташ, къахьоьгуш ю Адамова ПетIамат. Цуьнан хIусамда Нохчийчохь тIамехь дакъа лаьцна хиларна бехке а бина, массийта шо хьалха чувоьллина, Оьрсийчохь хан токхуш ву.

ТIамах а, Оьрсийчоьнан Iедалхша шайца йийцина харцонах едда, шен доьзалца Норвегехь кхерамазалле сатесина еанчу Адамова ПетIамати, цунна санна кхин а дуккхаъчу вайн махкахошна санна, кицанехь вийцинчу хих ведда хьера кIела иккхинчунна хилларг хилла.

Адамова ПетIамат а, иза санна Норвегерчу берийн хьукматан Барнаварнан харцонехь зулам даьлла болу бIеннаш кхинболу доьзалш а тIедогIучу шота дийнахь Осло гIалахь йоккха митинг дIаяхьа дагахь бу, шайн доьзалш цIаберзоре Iедале кхойкхуш. Царна юккъехь нохчи хилла ца Iаш, дуккха а норгхойн а, кхечу къаьмнийн а векалш бу.