Палмирехь "Исаламан пачхьалкх" олучу тобанна тохарш деш ду Шеман кеманаш

Шеман тIеман кеманаша лаххара а 15-зза тохар дина Палмирехь «Исламан пачхьалкх» олучу тобан декъашхошна. Иштта бомбанаш а ракеташ а йиттина цара цу тIемалойн талламан тоба дIатарйелчу хIусаманна а, госпитална а. «Исламан пачхьалкх» олучу тобано Палмира дIалецира кху беттан 20-чу дийнахь. Цхьаболчу хаамашца, цара цу гIалахь вийна лаххара а 200 стаг.

Дукхах болу Палмирин бахархой дIабаханера цигара "Исламан пачхьалкх» тобанера тIемалой чубахкале. Шеман бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, цигахь хиллачу тIемашкахь вийна лаххара 300 Шеман эскархо. ЮНЕСКО вовшахтохаралло билгалъяхначу дуьненан тIаьхьенийн объекташна юкъайогIуш ю ширчу заманан уггаре а мехала центр хилла йолу Палмира.