ТIемаш шаьш хьочу юкъанна Донецкерчу а, Луганскерчу а оьрсаша гойтура «украинахоша къиза бераш дойуш», маьрша нах, уьш «Украинана дуьхьал хиларна» хIаллакбеш. Аьлча а, кхолла а кхуллий, сепаратисташа доладора, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша даржадора.
Бакъду, «къизаллин тоьшаллаш» - суьрташ, видеош, тIеман дийцарш арадевлла а довлале, билгалдолура, уьш аьшпаш буйла – керлачу хазачу дашца аьлча – фейкаш.
Дуьненна украинахой фашисташ хилар гойтуш, тоьшаллина леладаьхна суьрташ цу сахьта гучудолура я Нохчийчохь,я Гуьржийчохь оьрсаша къиза хьийзачу заманашкахь даьхна дуьйла.
ХIинца а арахецна сепаратисташа, яржийна Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша рогIера керла фейк-видео. Донецкан кIоштарчу Ждановка юьртахь лецна сепаратисташ чохь кхаба концентрационан набахти ю еш, аьлла гойтуш ю аьчкачу телашца керт чIагIйина гIишлош.
И саннарш кхин а кхоъ-йиъ ю еш, боху информаци яржийначу оьрсийн Ньюс-Фронт агенталло. Изза сурт, оццу маьIнехь даржийра Оьрсийчоьнан эскарийн «Звезда» («Седа») телеканало а нийсса бутт хьалха.
Ткъа теллича гучудолу иштта меттигаш хилар, уьш йина яхаза хилар. Делахь а, яц уьш я набахтеш а, я концентрационан лагершна лерина гIишлош а. Уьш ханна легалехь боцу, кхайкхаза баьхкина мигранташ Украинера дIа а лехьош, цхьана ханна, цIехьахьовссолц чохь кхаба йохкуш центраш хилла. Уьш ян ахча Евоберто а луш.
20II-чу шарахь йолийна и объекташ яц я йина яьхна а. Ишта центраш вуно дукха ю Оьрсийчохь, Грецехь, Британехь, иштта кхин а мехкашкахь.
Ткъа и центраш Оьрсийчоьно концлагерех таръяр а дац дуьххьара. Масала, I995 шарахь Югослави юхуш лаьттина тIемаш боьлхуш Оьрсийчоьнан зорбано концлагерш ю бохуш гойтура Боснера и санна йолу центраш.
Хууш ма-хиллара, муьлххачу а тIемашкахь йохкучу агIонаша политикан пропаганда яржош оьцу пайда доцчух.
Тахана Оьрсийчоьнан оцу прпагандийн фейкашна кIел ю Украина. Цо муха йо дуьхьало шена дуьхьал баржочу аьшпашна, шен хатI маьттаза гойтучу сепаратистийн, ткъа ма-дарра аьлча, Оьрсийчохь кхуллучу фейкашна?
Оцу хаттарна жоьпаш делира "Стоп-фейк цIе йолчу интеренетерчу юкъараллан хьалханчех йолу Гонтарь Маргос.
Гонтарь:«Зазадоккху-баттахь журналистийн школерxe белхан накъосташца цхьанакхетар хилира тхан. Iалашо яра информацин тIамна дуьхьал болх болон. ХIунда аьлча, тIаьххьарчу хенахь телевизионехь, зорбанехь дуккха а харцдерг дуьйцу. Оха сацамбира интернетехь сайт кхолла, цигахь Iорадаккха харцдерг.
Тхан проектехь болх беш масех стаг ву. Ву цаьрца гочдархо, оха информаци ингалсан маттахь а ло. Цкъачунна волонтерийн проект ю иза, амма карарчу хенахь дийцарш ду оха дIахьош тайп-тайпанчу фондашца, тхайна гIо-накъосталла доьхуш. Тхоьга дуккха а кехаташ оьху сайт йоьшучаьргара, оха дуьйцу бакъдерг бахьанехь, шайн аьтто хуьлу аьшпех теша нах бакъдолчунна тIаьхьакхио, бохуш. И тхан кхиамаш лара мегар ду.
Оха дуккха мел дуьйцу а, тхан сайт йоьшу нах дукха мел бу а лахлур ю аьлла хета тхуна фейкаш яржочийн чот. Дахначу шарахь интернетан машанехь дуккха а суьрташ дара берашна тIехь къизалла латтайо бохуш гойтуш, масала, Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь оьрсаша лелийна къаизалла гойтуш сурт дара Украинехь маьршачу нахана тIехь Iазап латтадо аьлла даржийна. И тайпа метттигаш хIинца кIеззиг хааало. Оха тхешан сайта тIехь дуьйцу фейк-сурт муха къаьста бакъдолчух, хIоранна а хиича дика хир дара харцо къасто».
Кремло шерашкахь доцчунна тIехь, тардинчу хIуманашна тIехь кхуллу пропаганда хьайначух тера ду дерриг дуьненна а.
Ши бутт хьалха Евроберто кампани йолийна Оьрсийчоьнан пропагандана дуьхьал. Массех пачхьалкхан лидеро бартбина Москохара баьржа аьшпаш Iорабоху, дезинформаци къаръен стратеги кхолла. Европан мехкийн саммитехь и хаам баржийра церан юкъарчу арахьарчу гIуллакхийн урхаллан куьйгалхочо Магерини Федерикас.
Харц информаци гучуйоккхуш «туьйранаш дохош» болх бийр бу кхолла леринчу тобанаша, бохура Магеринис. Телевизионан а, радион программаш хир ю оьрсийн маттахь Европехь кечъеш, цара къарбан декхар ду дйинахь-буса, цахеддаш Оьрсийчуьра дIасабаьржа аьшпаш.