Reuters агенталлан корресспонденто бинчу хаамца, Оьрсийчоьнан эскарш а, тIеман техника а тIеузуш ю Украиница долчу дозанна. Цо дийцарехь, тIеман техникана юкъахь ю мобилан ракетийн системаш а, танканаш а, яккхийн тоьпаш а. И герз оьрсаша дIакхачийна Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа Iуналла дечу территорина тIе.
И хаамаш бух болуш буй аьлла шега журналисташа хаьттича, Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс хьехар дина репортерашна, и хаттар тIеман министралле дала деза аьлла.
Амма Оьрсийчоьнан тIеман министралло эскарш дехьа дахар комментареш а ца еш дуьтуш ду. Киево а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а бехке еш ю Оьрсийчоь Украинин малхбалехь болчу сепаратисташна гIортор ярна. Москох иза бакъ дац бохуш чIагIдеш ю.