Нехан мажош хьеяр харцо ю

Нохчийчоь --полисхой, 2015

Кху шеран 5 баттахь маситтаза кегийрхой дIакхийлина низамхоша церан мажош цатар бахьанехь. Бертахь а, бертаза а уьш шайгга дIаяшийтина масалш а ду. Цу кепара мажошца латтабе къийсам низамца мел богIу боху хаттар кху муьрехь дийцаредо бакъонашларьярхойн гонаша.

Нохчийчохь хийра дац бахархошна тIеIаткъам бан Iедалхошна керла-керла некъаш карор. Къаьсттина тидам-тергонехь латтабо кегийрхой: божабераш а, зудабераш а, тIекхиъна богIу кхиазхой а. Iедалехь болчеран а, муфтиятан белхахойн а, кIадо йоцуш хаддаза бала кхочу церан духарийн а, телпонийн а, маж-мекх биста кхаччалц куц-кепан а.

Кху тIаьхьарчу хенахь кест-кеста йийца йохуш ю Нохчийчохь мекх ца дуьтуш лелош йолу мажош. Динан урхаллин цхьаболчу «говзанчаша» кхеторца, меракIело цIена а латтош, маж кхиор вахабхойн боламна тIера хиларан билгало ю.

И бахьнехь еш ю кхузахь, муфтиято а, низамхоша а цхьаьна, тIекхуьу чкъор кхетош-кхиор Iалашонца сих-сиха рейдаш,кегий нах сеца а беш, лоьций дIа а буьгуш, лартIа йоцу маж дIа а йоший мукъа а бохуш. ТIаьххьара ишта меттиг тергальелла кIира хьалха Соьлжа –гIалахь.

Маж-мекх, духар бахьнехь цу кепара нахана тIеIаткъам бар коьртах даьккхина юха а бакъонашларьярхоша. Нохчийчохь урхаллехь болчара юха-юха а хьехош лаьтта нехан бухабалар а, церан лелар а, цара мажош дIахецар а, мекхаш лелор а цалерор а.Iедалан мукъ карахьболчара телехьожийлехь я кхечанхьа и маж-мекх хьахдарций, нах сецош, лоьций дIабуьгуш, барт-хеттамаш беш рейдаш дIаюьйлало.

Герггарчу барамехь и тайпа чулацам болу къамел зорбане даьккхина «Кавказан узел» газетехь, бакъонашларьечу «Мемориалан» центаран кхеташонан декъашхочо Орлов Олега.

Цо чIагIдарца стеган кечваларан, вухаваларан, цуьнан куц-кепан бала кхача богIуш бац Iедалан, иза цуьнан шен гIуллакх ду. “Нохчийчохь Iедалан векалийн оцу хIуманийн бала кхачар,- боху Орлов Олега,- республикехь тоталитаран хьал-структуран кхоьллина хиларан тоьшалла ду, вуьшта аьлча шаъкаьстина пачхьалкх. Иза Оьрсийчоьнан цхьа дакъа ду ала а хала ду…».

Нохчийчохь тергаллуш долу сурт Оьрсийчуьрчу юкъараллин дахаран сурт-дIахIоттамца догIуш ду аьлла хьажам болчех ю «Гражданское содействие» комитетан хьаькам Ганнушкина Светлана. «Цкъа цхьанна тIе сир тохар, юха мажошца къийса баллор, тIаккха йовлакхаш тIетахкийтар,юха дIадахийта - иза бен-бечу кепашца ницкъбар ду. Iедалдайшна хаа а ца хууш еш ма яц и рейдаш а». Ишта дIахьедар зорбане даьккхина Ганнушкина Светланас.

Вахабхошна тIаьхьабаза луурш, церан боламах гIортор ян ойла кхобурш билгалбахар коьрта декхар а долуш, нохчийн ницкъаллин структурашкахь леррина кхоьллина цхьа тоба ю аьлла ойла-хьажам болчех ву «Институт Ближнега Востока» цIе йолчу, йозуш йоцчу Iилманан центран президент Сатановский Евгений. Цо бахарехь мажошца тIом баллош шен хенахь рейдаш йина Ливехь а, Каддафи Муаммар паччахь волуш.

Мажош дIаларга дуьхьало йинчарна тоьпаш йиттина масалш а дара боху бакъонашларьярхочо. Цунна хетарехь цу агIор болам хила а сахьт дац Оьрсийчохь а.

Хилахь а,ца хилахь а,нохчаша шаьш къаро ма-ярра, уьш цецбаха, цаьрга бIокъажабайта кху харц дуьненахь хилаза дисна кIадда а дац.