Стенна къахьбелла оцу нахана даймохк?..

Baggage

Нохчийчуьра дIаоьху нах тахана а. Даймахкана а, Оьрсийчоьнна а гена бовла некъ къастийначара, шайга хаьттича, эриг цхьаъ ду: синпаргIато, нийсо, бакъо, шайн берашна кхане лахархьама.

Юккъерчу барамехь маса стаг дIавоьду цхьана баттахь Нохчийчуьра кхечу пачхьалкхашка? Коьрта бахьана хIун ду дукхахдолчу декъана ткъе иттара бовлаза кегийрхой Даймохк а битина, Iар-дахар нисдан хийрачу мехкашка дIаэхаран? Уьш а, цу могIарера кхин а, мухIажарш буьйлучийн хьокъехь кхоллалуш долу хеттарш жоьпаза дуьсуш ду.

Кхузара хьал-де даладелла а, токхе а ду бохуш, официалан кхайкхо эшна дацахьа а, махкана баккъаш гойтуш берш, шо-шаре мел долу, дебахь бен лахлуш бац.

Тайп-тайпанчу хьостанаша интернет зIенехула Iорадаьхначу терахьашца кху 20I5 шеран хьалхарчу 5 баттахь бIе эзар сов нохчо дIавахна Европе. Официалан боцчу хаамашца Оьрсийсохь уггар а дукха шайн дахаран латтам-дIахIоттам хуьйцуш дехьа-сехьа буьйлурш вайнехан векалш бу.

Вуьшта аьлчи болх-некъ а болуш, синтемечу, маьршачу дахаре сатуьйсуш гуттаренна а дозанах буьйлуш берш. Ирс-аьтто лаха, доьзалш дIатарбан эзарниш нохчий Европан пачхьалкхашка лестар цхьабосса ца кхетадо вайнахалахь.

Цхьаболучара кхеторехь нах махках бийлар керла дац. Таханлера сурт тергалделла Миклайн хенахь а боху масала Гуьмсан кIоштерчу Магомадов Iисас.

Цо,коьртаниг махкара хьал ладегIаме, кхераме хиларна тIера дуьйна дуккха а бахьанаш даладо, цхьамма лоьхкуш санна нохчий махках бийларан.

Магомадов: « БIешерашкахь хьалха а ихна нах кхечу пачхьалкхашка шайн аьттонна а, таронна а. Доьзална сагатдеш дIаоьхурш а бу, кхузахь дерг кIезиг хеташ, тоаме ца хеташ, нийсоне а, бакъоне а сутуьйсуш дIаоьхурш а бу дукха. Тахана шаьш хьийзорна, шайна цатов хIумнаш дукха хиларна а оьху-кх. Аьттонна, цигахь генехь аьтто хиларе сатуьйсуш, бераш когахIиттаре дог дохуш дIаоьху-кх».

Тахана Нохчийчохь долчу хьолан лахара мах хадош хIума ду бахархой кхечанхьа дехьа бийларан, боху Новр кIоштерчу Аслана. Уьш дIаэхар шена лартIахь а хета, жимма таро елахьара ша а гIур вара, диканах уьдуш адам дIагIур доций а хаьа шена элира цо доцца.

Аслан: «ДIаэхар лартIахь хета-кх. Шайна дика меттиг йолчче, низам долчче дIаоьху-кх».

Даймохк беза а безаш, амма амал дацарна, шайн аьттонна оьху адам дIа боху Соьлжа кIоштерчу Хизриев Абус. Кхечара санна цо а билгалдоккху дахар паргIат долу дела дIаоьху нах бохуш.

Хизриев: «Аьттонна оьхуш бу, Даймохк ца безаш оьхуш бац. Дахар цигахь паргIат долу дела, Iедало адаман терго алсам йо дела, гIийланиг, мисканиг тергамза ца вуьту дела оьху-кх».

Къастам боллуш, билггал ша хIун ала гIерта а хууш, кхета атта а долуш, шен махкахой дIаэхарх дош элира байтанча-гочдархочо Хатаев Хьусайна а.

Хьусайн: «Кхузахь долчу хьолана нах реза бац-кх, цундела дIаоьху нах, синпаргIато йоцу дела, ладегIам алсам болу дела, кхузахь хIуъу хила тарлуш долу дела. Хьалха махках бийлар а, тахана дIаэхар а тера дац дера данне-ам. Уьш дуста догIуш дац. Цу хена хIара мохк караберзош тIом беш хилла Оьрсийчоь. Адам царна кIел саца ца лууш а, Iехийна ,тийлина а дIаихна Хонкар махка а, Урдане а.

Ткъа тахана кхузахь гуш дерг кхин сурт ду. Шайн къоман Iедалхойх кула а хилла а уьдуш бу тахана нах махкара».

Массара а дийцинарг цхьана кепа а тоьхна, жамI дан гIоьртича билгалдолург цхьаъ ду: вайнах Даймахкара дIаоьху, ладегIамечу дахар хьаьхна, синпаргIатоне са лаьтташ.