Теркйистехь вийначу нохчочун къа шена тIеэцна Швецино

Welcome to the migration service

Чиллан-баттахь Нохчийчохь, террорхойшца зIенехь а хилла, талор дан гIерташ вара, аьлла нуьцкъаллийн структурийн белхахоша вийра Швецерчу Iедалша политикан тховкIело а ца луш, цIахьажийна цхьа жимстаг. И гIардаьллачул тIаьхьа шайгара даьллачу гIалатна къера хилла Швецера мигрантийн хьукмат.

Афанасов Кана цIе йолу ткъе 23 шо кхачанза волу жимчу стага масех шо хьалха Швецехь политикан тховкIело ехна хиллера. Ша цIера араваларан бахьанаш дуьйцуш цо аьллера, шена а, шен доьзална а кхерам бу Нохчийчуьрчу а, Оьрсийчуьрчу а нуьцкъаллийн структурашкара, аьлла. Шаьш тIемалошна гIодеш хиллий техьа боху шеконаш ю цIерачу Iедалийн, цундела шаьш шайна цара цхьа зулам дарх кхоьру, аьллера цо.

Амма мигрантийн гIуллакхш толлучу хьукмато и дешнаш тоъалла тоьшалла ца леринера, цу кIантана болу кхерам тIечIагIбан. Цундела цунах ца тешначу Швецерчу мигрантийн хьокъехь йолчу хьукмато цуьнан тховкIелонах долчу дехарна негативан жоп деллера. Цул тIаьхьа хье ца луш, Афанасов Кана шен доьзалца нуьцкъаха Оьрсийчу дIахьажийнера, кеманна тIе а ваьккхина. Нохчийчу дIакхаьчна масех бутт баьлчул тIаьхьа Теркйистехь вехаш хилла волу и кIант нуьцкъаллийн структурийн карах вийнера.

ЦIахь цхьанхьа гIишлонаш ечохь балха а хIоьттина, хене вала гIерташ волу Iела-Юьртан вахархо Афанасов чиллан беттан 25-чохь балха тIера дIавигнера, шаьш муьлш ду ца хаийтинчу нуьцкъаллийн структурийн белхахоша, шайн хеттаршна жоьпаш ма делли, цIавохуьйтур ву хьо аьлла.

Хетарехь, цу хьалхарчу дийнахь Соьлжа-гIаларчу дамби тIехь кхаа кIанта эккхийтар дина хиларна, цаьрца декъа хиларш лахар долчух тера дара Кана дIавигаран бахьана, хIунда аьлча цу деношкахь, меттигерачу бахархоша а, адамийн бакъонашларйархоша а чIагIдарехь, дуккха а Теркйистера кегий нах бигнера луьйцуш дIа.

Чиллан- беттан 27-чохь Афанасов Кани дакъа, Мемориал центро яздарехь, цуьнан гергарчарна схьаделлера, тезет а ма хIоттайе, гIовгIа а ма яккха аьлла кхерам а тоссуш.

Афанасов Кана, шен къаьхьчу кхоламца, цхьаъ хилла ца Iа, Европерчу Iедалша тховкIело яла бахьана ца го шайна, аьлла Оьрсийчу юха а хьажийна, цигахь я вийна, я тIепаза вайнарг. Австрерчу юкъараллин жигархочунна Исханов Хьусейна хийла девза и саннарг.

Цо дийцарехь, Iедалхоша депортаци а йина, махкара араваккха шаьш цхьаъ кечвича, иза ка ма доллу юкъараллийна ца хоуьйтуш, къайлаха до, хIунда аьлча, адамийн бакъонашларйархоша а, диаспорин векалша а яккхий дуьхьалонийн акцеш а йой, и мухIажар кIелхьараваккха гIуртуш хиларна.

Цу кепара Афанасов цIахьажийна йолчу Швейерчу мигрантийн хьукмато хIинца, тIаьхьа делахь а, шен гIалатна мукIарло дина, бохуш дуьйцу Хьусейна.

Исханов: „Кху Австрера суна хууш дукха бу иштта Iедалша цIа ахьадийна, тIепаза байнарш я хенаш тухуш чубоьхкинарш. Цхьа кIант Москоха кеманийн портехь Ханти-Мансийн ОМОНера милцоша, кеманчуьра лаца а лаьцна, дIавигина, хIинца а каронза, вайна ву. Цхьа кхинарг, араваккха гIертий тхуна хиинчул тIаьхьа, дуьхьалонан акцеш а йина, цунна депорт ца йойтуш, оха кIелхьараваьккхинера, амма масех дийнахь собар а дина, Iедалхоша къайлаха лаца а лаьцна, Оьрсийчу дIахьажийнера. Цул тIаьхьа иза Ростовехь лаца а лаьцна, Нохчийчу дIавигинера, цигахь цунна I2 шо хан а тоьхна“.

Карарчу хенахь Афанасов Канин доьзал, кхин болу тIемалошца зIенехь хиларна бехке бинчу нехан доьзалш санна, Нохчийчуьра ара а баьхна, кхечу меттигашкахь хене болуш бу. Ткъа шаьш динчух кхетта йолчу Швецин мигрантин хьукмато ша шена полисхошка арз дина, шайгара даьллачу гIалатна къера а хилла.

„Тхуна вуно боккха Iаткъам а, вас а хилла цу кIантаца хиллачуо. Оха кIоргера таллам а бийр бу, цу кIентан тховкIелонах долу дехар муха теллинера бохучунна“, - элира Швецерчу пачхьалкхан радиога цу хьокъехь мигратийн хьукматан пресс-секретар волчу Бенгтссон Фредрика.

Цо иштта дIахьедар дира, хIинцачул тIаьхьа Афанасов Канин санна долу тховкIелонах долу дехарш кхечу кепара луьстур долуш ду Швецин Iедалша, аьлла.