Машаран проспектехь йолчу «Iазапна дуьхьалояран Комитетан» офисехь массийта белхахо хилла оцу хенахь. КетIа баьхканчу кегийчу наха, дуьххьара йохийна церан арахь лаьтташ йолу машен «Мицубиси L-200» олуш йолу.
Гобаьккхина куьзганаш а кегдина, чкъуьргаш а ясина, тIе мийраш а бетташ, яккхий чоьвнаш а йиттина. Капот тIехь йитнера шайгахь йолу плакат «Дадаев - къепене ларам боцучу наха вийна ву», аьлла.
Пхиозза тIекIал динчу цIа чохь, шолгIа гIат тIехь йолу петаран чувоьлуш йолу аьчган неI, бетонийн гур а бохош, бухъяьккхина ю.
Дийцарехь, и болх бан царна цхьа сахьт сов эшна. Лом а, яьккхий жIоьвнаш а лело хуучу нахе бен иза далур а дацара. Арара неI йохийна уьш чулоьлхучу хенахь, корехула ара а боьвлла, цу чуьра боьвда бакъонашларъярхой.
3-4 чоьнех йолчу петар чу кхаьчча, шайна карайогIу мел йолу хIума кагъеш, харцош, кехаташ дIасакхуьссуш хIума дина цара. Офис хилла а эра дацара хIинца оцу меттигах. Чу ракета тоьхча санна, лаьттахь Iохку кехаташ а, куьзган геригаш а, кегйина аппаратура а яра.
Маршо Радио: ХIара муха йохийна цара?
Лулахо: «Ша мел йолу хIума дIасакхоьссина цара кху чуьра. ХIинца гIазкхий кхуза богIур бац. Ванни чоьне хIун де бохуш хилла теша кхара. ДIавала, цара инзаре болх бира, кувалдаш а етташ, лоьмаш детташ. ВорхI-бархI стаг вара. Полици ян а еъна дIаяхара».
Йохийначу офис чуьра араваьлча, дуьхьала а кхеташ чу вахара талламхойн духар долу, карахь чамданаш а йолуш ши стаг. Гарехь, уьш талламан комитетера, я прокуратурера бара.
Петар чохь, шортта кегий нах бара, ларамаза шаьш цига кхаьчча санна лелаш. Арахь а Iохкура Комитететан бакъонашлраъярхошна дуьхьал долу йозанаш а.
«Къизаллина дуьхьала» комитетан Соьлжа-ГIалин белхахошка телефон дIаеттарх, иза яйъина яра. Цундела цаьрца зIене валар ца хилира.
Амма, социала машанехь цара бинчу хаамца, тIелатар динчара бехке дуьллушдерг Дадаев Джамбулат вер толлуш дац аьлла, дара Комитетан куьйгалхочо Каляпин Игора Фейсбукчохь шен агIонтIехь цунах лаьцна комментари йина: «И гIуллакх талла хIунда ца толлу хатта дезаш дара чоьххьарчу гIуллакхийн министралле а, Оьрсийчоьнан талламан комитете а, амма тхоьгара жоп дехар атта ма дай», аьлла.