Европера нохчийн бераш институташка даха кечлуш ду

Австри --Венерчу нохчийн школехь, 2014

Европерчу университеташкахь а, институташкахь доьшуш дукха вайнехан кегирхой бу. Кхин а дукхаха бу деша баха а лууш, амма иза цхьа генара чолхе хIума долуш санна хеташ, юхаийзалуш берш а. Царна лерина Австрехь информацин суьйре дIаяьхьира цигарчу нохчийн студенташа.

Малхбузерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхийн лакхарчу дешаран тушпхьанашкахь доьшуш бIеннаш нохчийн студенташ бу. Амма церан вовшашца я уьйраш а, я зIенаш а кIеззиг хиларна я, цхьаццайолчу меттигашкахь хиллане а ца хиларна, уьш цхьа-цхьацца буьссу, я нохчийн студентийн цхьаьнакхетаралаш а, я цхьа лерина кхоьллина маша а боцуш.

Хетарехь, Европерчу пачхьалкхашна юккъехь еккъа цхьаьна Белгехь кхоьллина ю цигарчу нохчийн студентийн юкъаралла, лакхарчу дешаршкахь болчу кегирхойн уьйраш чIагIйеш. Амма иза цкъачунна цхьаъ бен йоцург а хилла йисина.

Цуьнца цхьаьна, масала, Австри схьаеъча, еккъа цхьана Венерчу университетан хIора а аьлча санна факультеташка кхаьчча, дуьхьал кхета цигахь доьшуш болу нохчийн студенташ. Кхечу гIаланашкахь -м уьш тешна а кхин алсамох хир бу.

Къаьстина, юристийн а, экономикан а факультеташкахь. Цу тIехь, ала дашна, юристийн, экономикан дешарш харжарна тIехь, цIахь, Нохчийчохь кегирхошна юккъехь йолу амал ю ала мегар ду Европерчу кегирхойн – и ши дешар къаьстина дукха царна дезаш хилар гойтуш.

Амма уьш хилла ца Iа. Политологи а, информатика а, меттанийн Iилманаш а, кхетам-кхиоран говзаллаш а, исбаьхьаллаш а – шуьйра ю Австрерчу нохчийн кегирхоша хоржучу Iилманийн спектр. Цу хIора а Iилманехь аренца болчу вайнахана а, ДегIастанахь а вуно чIогIа оьшуш бу говзанчаш.

Цу говзанчийн терахь дебийта а, деша баха луучарна Iалашоне муха кхача йиш ю бохург хаийта а, дIа иштта дешарна тIехь а, дешна бевллачул тIаьхьа болх лахаран таронаш йовзийта а дагахь вовшахкхетта ю Венерчу университетехь доьшуш болчу нохчийн кегирхойн цхьа тоба. ХьастагIа цу гIалахь бехачу вайнехан диаспорин векалшца лерина информацин суьйре дIаяьхьира цара, шаьш юхьаралаьцначух дуьйцуш.

Инфоматикан факультетехь доьшуш йолу Матаева Маликий, юристийн факультетехь доьшуш йолу Тарамова Ясминий яра и цхьаьнакхетар вовшахтоьхнарг. Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь Матаева Маликас дийцира, шайн Iалашонехь а, сатийсамех а лаьцна.

Матаева: „Тхаьш вовшах а кхетта, иштта дича хIун дара теша аьлла, ойла а йина. Долийна ду оха хIара. Университеташкахь доьшуш дуккха вайн бераш ду, амма тхо вовшашна девзича, оха хIораммо а олу, хьажахь, со бен кхузахь юйла а ца хаьара суна, олий.

ТIаккха доьшуш а, болх беш а берш схьаэцча, царех массо а хуьлу вайн берашна сагатдеш, ма кхоам бу вайн кегирхойн, деша а, балха дIатассабала а йиш йолшехь, дуккхаъчарна ца хаьа-кх иштта аьттонаш кхузахь буйла, бохуш. Цундела вайн берашна а, церан дай-наношна а кху махкахь болу аьттонаш дIа а бовзуьйтуш, тхайна хуучух царна гIо а деш, болх бан дагахь ду тхо“.

И хьалхара суьйре доккхачу декъехь дай-наношна лерина яра, цкъа хьалха царна хаийта, цкъачунна ишколашкахь доьшуш болу шайн доьзалхой мичахь муха кхин а деша бахийта таронаш ю царна хаийта. Кхузахь хьахон догIу, Европера дешаран система Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а йолчух вуно чIогIа къаьсташ хилар.

Амма дац цунах оцу сохьта кхета Малхбузе схьабаьхкинчу мухIажаршна. Дуккха а шераш дIадовлу, дай-наной а, ур-аталла шаьш бераш а цу шайна керлачу системин башхаллийна тIаьхьакхиале.

Иштта, масала, нагахь санна вайн цIахь ишколехь дешар хьалхарчу классашний, лакхарчу классашний декъна бен дацахь а, ткъа и ший а дешаран дакъа цхьаьна кхерчахь дIадоьдуш делахь, Европехь хьалхарий, юккъерий, лакхарий декъашна еккъна ю ишколаш.

Хьалхарчу декъан деалгIачу, тIаьхьарчу шарахь билгалдолу, бер кхин дIа муьлхачу ишколе кхочур ду бохург. Уггаре а дика доьшурш гимназе кхочу, кхин дIа дерш тайп-тайпанчу мелла а гIийлоха ларалучу ишколашка дIасадекъало. Бакъду, цигахь цара дика дешахь, церан а аьтто хуьлу хенаца гимназе дехьа довла.

Иштта гимназе кхаьчнарш бераш, нагахь санна цигахь дешарца лара ца деш хилахь, кхечу ишколе дехьадовлу хенаца. Иза хилла ца Iа. Гимназеш а ю бен-бен, кхин дIа долу ишколийн тайпанаш санна. Цу башхаллийн а, бес-бесараллийн а къухех кхета а, царех чекхвала а, кхеташ ма-хиллара, атта дац, къаьстина кхоччуш меттигера мотт ца хуучу дай-наношна.

Цундела а ду суьйре вовшахтоьхначу нохчийн студенташа цкъа хьалха дай-наношца болх бар юхьаралацар. Матаева Маликас дуьйцу.

Матаева: „Цкъа хьалха дай-наношца къамел а дина, уьш цкъа хьалха кхетийта лууш ду тхо, дешар церан берашна мел мехала ду а, дешна стаг хилча, цуьнан кхузахь мел дукха аьттонаш бу а бохучух. Цул тIаьхьа церан берашца зIе а еш, деша ца луучарна иза марздан а, деша луучарна гIо дан а Iалашо ю тхан.

Тахана кхуза баькхинчу нахана иштта цхьаьнакхетар оьшийла а, царна дуккха а хIума хаа лаьийла а гуш дара. Уьш иштта дуккхаъ кхуза баьхкина чIогIа хаза а хийтира тхуна. Пайдехьа хIума хир ду кхунах аьлла тешна ю со“.

Ишколашкахь вуно дика доьшуш а, гимназешкахь тоьллачех дешархой а хилла, схьадогIуш а дукха нохчийн бераш ду Венехь. Бакъду, иштта и бераш дешарна тIе ца теIош а, цаьрца къахьега а цаьрга шайга дешарца къахьегийта карах ца долуш а дай-наной а нисло.

Ишттачара олу дукхахьолехь, шаьшна кийтарлонащ лоьхуш, „кхузахь вай берашна гимназе даха новкъарлонаш йо“, „бусулба нах ца беза кхарна“, „нохчийн берашна хIуьттаренаш лелайо хьехархоша“ я цунах терра дериг. Амма, хууш ма-хиллара, бехказло лоьхучунна иза даима а муьлхачу хIуманна тIехь а карайо.

Ткъа къахьегначо лелийнарг ца дов, иза мел мостагIашна юккъехь нислахь а. Деша а, болх бан а, шен дахар когаира хIоттийна, дIатарвала а комаьрша таронаш массарна а луш йолчу Австрехь-м муххале а. Иза нохчийн берашна а, церан дай-наношна а кхетор лору Матаева Маликас а, Тарамова Ясминас а шайн хьалхарчех Iалашо.