"Артек". Историн 90 шо

"Артек" схьайиллира 1925 шарахь, Оьрсийчура ЦIен ЖIара юкъаралло накъосталла а деш. Дуьххьара цигахь могашалла тоеш дара пехийн цамгар (туберкулез) кхетта бераш.

Суртан тIехь - Советан Союзан маршал Буденный Семен ву Артекехь, 1946 шо. 

 

Хьалхара артекхой бехаш бара гатана четарш чохь. Амма дукха хан ялале цуьнах уггаре а кху дуьнентIехь яккхийчерах йолу берийн садоIу центр хилира. 

Сурт тIехь космонавт Гагарин Юрий ву "Артекехь", 1961 шо. 
 

"Артек" Украинин ГIирмехь ю.

Дуьххьара дуьйна лагеро тIеоьцура дерриг а дуьнентIера бераш. 1926-чу шарахь "Артеке" далийнера Германера бераш, ткъа 1937 шарахь цигахь дIатарбинера тIамах бевдда кегийра испанхой.

"Артеках" олу "берийн республика". Цуьнан территори ю Монакон территори санна. 
 Суртан тIехь - ЦК КПСС Инарлан секретар Брежнев Леонид, 1979 шо.  

1960 шарахь дуьйна "Артекан" кертах ю 150 гIишло а, 3 бассейн а, киностуди а, 7 эзар меттиг йолу стадион а.  

Уггаре а дикачу хенахь "Артекехь" хIора шарахь садоIуш хилара 27 эзар бер. 1925 шарахь дуьйна 1969 шаре кхаччалц цигахь садаьIира 300 000 беро. Царах 13 000 бер дара кхечу 17 пачхьалкхера.  

Советан заманах "Артеке" садаIа вахийтар деза совгIат дара берашна. Путёвкаш лора уггаре а тоьллачу пионерашна. Уьш леррина къастабора цига бахийта. 

1983 шарахь "Артекехь" хилира Iамеркера йоI Саманта Смит. И йоI гIараяьллера, боьдуш Шийла тIом а болуш, цо Андропов Юрийга кехат яздарна. Цул тIаьхьа Советан Пачхьалкхан куьйгалхоша Саманта а, цуьнан да-нана а кхайкхира хьошалгIа.  

Суртан тIехь  - Саманта Смит "Артекехь", 1983 шо

2000 шарахь "Артек" кхоьллина 75 шо кхочуш 1960 шерашкарчу пионераш яздина кехат схьадаьстира цигахь. Цу кехатана тIе куьйгаш таIийнера ерриг а пачхьалкхарчу 1200 пионеро. И кехат чохь долу капсула латтийнера 40 шарахь Костровая олучу майданахь.  

Лерринчу линейкехь схьадаьстира кехат. 1960-чу шерашкарчу пионерашна моьттуш хиллера 2000 шарахь дерриг а къаьмнаш маьрша дехаш хир ду а, адамаш баттана тIе ktkfi хир ду а, ткъа "Артекехь" шен космодром хир ю а.  

Суртан тIехь - Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ву "Артекехь", 2001 шо.  
 

ХIинца "Артеке" оьхурш бу Оьрсийчоьнан политикаш. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Валуев Николай.  2014 шо, Товбеца-бутт.