Санкцеш яхъян сацам тIеэцна Евроберта

Оьрсийчоьнна цо Украинера кризис марсаяхарна а, ГIирманна аннекси ярна а кхайкхийна экономикан санкцеш дIаяхъеш сацам тIеэцна Евроберта юкъайогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрша. Оцу хьокъехь хаамбеш Евробертан пресс-секретара твиттерехь яздо, «Ши эзар ялхийтталг1ачу шеран хьалхара бутт берззалц йолчу ханна санкцеш дIаяхйина Евроберто Оьрсийчоьно Минскехь Украинах боьзна сацам кхочуш цабар бахьана долуш».

Санкцеш хьакхало Оьрсийчоьнан энергетиках, финансийн системах, тIеман секторах. Европано бинчу сацамах лаьцна оршотдийнахь президентан Путин Владимиран пресс-секретара дIахьедина, «санкцеш – иза оха харцо лору, цаьрга хьажжина оха а бийр бу тхайн сацамаш», аьлла. Оьрсийчуьрчу тергамчашна хетарехь, Малхбалера чу ца буьтучу кхачанан могIа кхин а дIабахбан тарло Кремло.