Шема а, Иракъе а больхучарна некъаш боьхкуш ю Европол

Европерчу полисхойн сервисо лерина дакъа кхуллуш ду, ша шех Исламан Пачхьалкх олучу ДаIиша тобано интернет машанахь кегирхошна юккъехь беш болу пропагндин болх юхатохархьама. Доккхачу декъехь социалан машанашкара йозанаш толлур ду цара, джихIадехь дакъалаца керла тIемлой гулбешберш гучубахархьама.

Цецваллал хIума ду ша шех "Исламан Пачхьалкх" аьлла цIе а тиллина, бусулба дин сийсаз деш йолчу ДаIиш тобан агIончаша а, жигархоша а интернетехь, хIуммаъ а хьуллуш а боцуш я къайла а ца хьош, шайн пропаганда дIаяхьар.

Хетало наг-наггахь цара яздеш дерш дешча, Малхбузера Iедалша, хаддаза интернетехь могIарерчу бахархойн леламех долу хаарш гулдеш долчу, цу гулдаршна а, и хаарш дIа а ца дойъуш, шерашкахь, эшшинчу мIаьргонехь тIекхача кийча архивашкахь латтадан юх-юха а меттигерчу парламенташкара мукъар-мохь боьхуш а долчу, муха магадо-те сел гаррехь кегирхой шайн халипате дIакхайкхаран а, шайн къизаллаш яржоран а болх даIишхошна дIакхехьар олий?

Муьлхачу а маттахь кегирхой жигара болчу чаташка я форумашка хьаьжча, „Довлатуль исламийа бакъия!“, „Пайхамаран манхьадж“, „Халипатан сийлахьа латта“, иштта дIа кхин а паролаш а кхайкхош, керла-керла агIончаш гулбеш Iаш болу цу тобан жигархой карабо. Цара бечу белхан масалаш нохчийн а, оьрсийн а, Iарбойн а, доцца аьлча, муьлхачу а маттахь деша йиш ю.

Ишттачех цхьа масала даладо Германерчу бусулба динан Iилманчано Дири Батима Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь. КесталгIа им диллина йолчу кхиазчу йоIе иза ДаIишах дIатоха гIерташ къахоьгучу цхьана тобан векало яздеш дерг доьшу цо.

Батим: „Оцу сохьта гуш хуьлу, цу нехан динца бала боцийла, цара юхьаралаьцнарг политикан идеологи юйла. Цу такфирхойн а, джихадхойн а кхетам цхьана башхачу политиках болчу хьежамашна тIехь кхоллабелла бу, цара динца бакъбеш болчу. ХIара цхьа масала ду, къона австрихо, бусулба динера орамаш доцу, я мигрантех а йоцу, даханчу шарахь цара им диллийтина, йоццачу хенахь иза радикалан хьежамашка а яьккхина, хIинца шайца цуьнан уьйраш чIагIйан гIерта уьш.

Царех цхьаммо яздо цуьнга чатехь: „Ялсаманехь уггаре а лакхара гIат цхьа стаг бусулба дине верзийначун хир ю. Амма и гIат кхочур дац цуьнга, нагахь им диллинарг Делан некъа тIехь кхалха ца кхалхахь. Цундела тхо хьуна тIаьхьара девр дац, хIунда аьлча тхо хьуна дикадерг дан лууш ду.

Ткъа мунепакъш хьоьга дуьйцур ду, тхо нахана манипуляцеш а, радикализацеш а еш ду бохуш“. Кхин дIа а яздо цо цуьнга: „Машар болчехь мичахь Iано йиш ю муслимо шен цIий Делан некъа тIехь? Картолгаш цIанйеш Iанор ду цо иза? Массо меттехь яздина ду хьуна иза, КъурIан чохь а. Мунепакъш иза шайна ца гуш санна дуьту.

ШахIид санна ялар – иза уггаре а деза хIума ду, АллахIу акбар! Хьо Делан новкъахь лийр ю, доккха сий ма ду иза! Иккхина ялар, массарел а хьалха а иккхина ялар!“ Иштта дIа кхин а. Дуккхаъ тайп-тайпана чаташ ю уьш, цу кепарчу тобанаша я наха кхинберш цу шайн гоне а бохуш, царех хIуъу дан кийча долу адамаш, тIемалой бан гIуртуш йолу“.

Цу кепара пропаганда кIеззиг яц нохчийн сайташна тIехь а. Цхьана ДаIишан агIончано яздо, халипатан къизаллаш цхьана сайта тIерчара емал йича: „СубхьаналлахI! Мел дукха питана ду кху чохь. Хастам бу АллахIана, тхан Исламан пачхьалкхе йолуш! Тхан Халип Абу Бакр аль БагIдади волш, тхан шариIат долуш! ТIамана эзарнаш чакхармаш гена а девлла, аьшпаш буьтту аш! Исламан пачхьалкхе чIагIлуш ю, АллахIу Акбар!“ - бохуш. Халипатан критика еш берш массо а муртадаш бу бохуш чIагIдо цуо.

ХIинцачул тIаьхьа амма цу кепара дукха айдаран хьаьркашца кхелина мохь-цIогIа деттарш, хетарехь, тIаьхьало йоцуш дуьсур дац. Европоло кху деношкахь кхоьллинчу леринчу сервисо тидаме лоцур ду, интернет машанахь ДаIишан пропаганда еш берш, Шема а, Иракъе а хьовсо керла тIемалой а, цигарчу тIемалошна хьажон керла нускалш а лоьхурш.

Британерчу Гардиан газетано шен хьосташна тIе а тевжаш яздарехь, дийнахь, мел кIезга а, I00 эзар хаам буьту интернетехь ДаIишан пропагандин жигархоша шаьш цу Iалашонца кхоьллинчу 50 эзар герга аккаунташна тIера. Ткъа Европоло кхоьллинчу, товбеца беттан хьалхарчохь болх бан йолалучу леринчу декъан Iалашо хир ю, и аккаунташ дIакъийлар а, церан йозанаш дIадайъар а, ткъа уьш яздеш берш жоьпалле озор а.