Чекхбаьлалчу беттан 25 –чу дийнахь дуьйна кхоккха,диъ-диъ де бен юкъа ца дулуьйтуш дIаялийтина Оьрсийчохь дешархошка ЕГЭ олу экзаменаш. Цуьнан жам цкъа а ца хиллачу кепара лахарчу тIегIанахь хилла, говзанчаша дийцарехь, Нохчийчохь.
КIарг а ца луш аьлча, дукхахйолу экзаменаш дIаяла ларабелларш эханнал а кIезиг бу. Къаьсттина ледара гайтам бу математика, оьрсийн мотт, обществознани Iилманаш хаарехь. шакъаьстина ала догIу математиках. Цхьайолчу ишколашкахь 32-х, масала, дуьххьала и дIаелларг 4-5 бен воцуш меттигаш а нисьелла.
Цхьаболучара, Соьлжа-гIала а бахна, апелляци еш, арз леткъемаш бинчара дийцарехь, (царна юкъахь кIезиг бац хьехархой а), леррина кIелбитна бу дешархой. Стенна? Цуьнан Iалашо хIун ю? Оцу а, кхечу а хеттаршна жоп дала гIерташ ю Соьлж-гIалин кIоштера хьехархо Зулай.
Зулай: «85% дешархоша дIа ца елла математика экзамен, шианнаш даьхна. Масала, тхан хьехархочо боху,шена хаьа шен берийн хьал. «С» заданеш цо чIагIдарца тергал а ца еш йитна боху. Лакхара бераш чекх ма даха аьлла омра дина боху. Хаац бакъдерг муха ду. Шиъ даьккхинчех цхьа йоI мехкан олимпиадан декъашхо хилла а ю.
Цуьнан хьехархочо цо нийса йина боху «С» задани. Хьовса ма хьевсина уьш . Шина кехат тIехь бина хилла оцу йоIа болх. И чекх ца йолийла дан а дацара. КхиндIа лаккхара дешар деша некъ бац-кх церан. Шортта техникумаш а, ПТУ-ш а ю цига гIо боху хир ду-кх..»
Дай-наноша, хьехархоша, Iилманчаша, массара а хийцаме долуш хIума а доцуш, йийцаре еш ю и ЕГЭ олу Пачхьалкхан цхьа экзамен. Шен а, шен накъостий а цуьнга болчу хьажамах, шена и мел маьIне го бохучух долийра цунах шен къамел Теркйист кIоштерчу хьехархочо – филолога Мурзаева Зараа.
Цунна гергахь тахана Оьрсийчохь шуьйра пайдаоьцуш йолу и ЕГЭ экзамен «кхаж болу те я ца болу те» бохучу кепах тера, цхьа ловзар санна хIума ду. Зараъ ю дуьйцуш.
Зараъ: «ЕГЭ юкъаяьккхичхьана а ас къобал еш экзамен яц. Суна цхьа ловзарх тера хетта-кх иза. Хьуна дешархо ган а гуш, юьхьадуьххьал дIалуш яц-кх иза. Ас генара, гергара хеттарш а луш, экзамен дIалуш верг ахкаме ваьккхича, суна сиха гур ма ду цуьнан хаарийн мел кIорге ю. Тахана дерриге а чIагIдина. ЧIаггIа-м и экзамен юкъаяккхарций чIагIдан дезара нийсонан а, бакъонан а бух тIехь. Бераш охьаоьгуш, холча хIуьттуш, Iадийна, кхерийна дIаели хIинца».
Цхьаболучара катастрофа ю боху экзамен дIаялар кхушара Нохчийчохь. Бух-орам мичахь бу те? Хьехархой ледара хилар ду те я бераша ца доьшу те?
Зараъ: «Тхан берийн, системность олу-кх оьрсийн маттахь, системность яц. ХIора дийнахь, сохьтехь, шина сохьтехь хаддаза къахьегар дац. Тхан бераш хьекъал долуш ма ду. Уьш хьекъале хилар гучудаьлла а ма ду кхечарна а. Къам къахьогуш а ду. Дуьххьала дуьйна а шайн ницкъашца дIаялийта езаш хиллера экзаменаш. ТIаккха тахана кхин гайтам хир бара».
Соьца ЕГЭ экзаменах къамел дечу Зараа а билгал ма даккхара, Москохарчу, Петарбухерчу я кхечу яккхийчу гIаланашкахь, кхечу даладеллачу хьелашкахь доьшуш долчу берашка санна ярташкахь доьшуш болчу мехкаршка а,кIенташка а цхьатерра жоп дехар буххера дуьйна а нийса доцуш хIума ду.
Дешарх а, экзаменех а соьца къамел динчу Зараа чIагIдийриг бакъ хилар гучудаккха дукха къахьега ца оьшу. Оьрсийчоьнан яккхийчу гIаланашкахь бIеннашкахь ю, туьйранашкахь санна, мел оьшу хьелаш а кхоьллина болх беш ишколаш, хьаннал къахьегар доцург хьехархошна оьшуш хIума а доцуш.
Ткъа Нохчийчохь Iилма Iамочу белхоша кхочушде шайн доцу декхарш-м стенна дуьйцу, цара ур-аттал у тIехь берашка болх байта мел а бу шайн чоьтах оьцуш.