Цахиллачохь хилла боху Белялов

Оьрсийчохь тамаше дац, мел бехк къастийна бацахь а, стаг лацар а,чохь валлор а. Цу декъехь, кху т1аьхьарчу шерашкахь, маьрша нах лоьцуш, бойуш, къаьсттина билгал ю Нохчийчоь. Кху некъехь бакъонашларьярхоша а, адвокаташа а дийцаре деш лаьтташ ду кхо к1ира хьалха Гуьмсехь Белялов Рамзан лацар.

Кху карахьболчу мангалан беттан 2-чу дийнахь Ставропол мехкан талламан комитетан декъашхоша Гуьмсехь лаьцна Белялов Рамзан. Цунна бехке дуьллург ду 20 шо хьалха, Басаев Шамал коьртехь а волуш, Буденовск гIалина тIелатар динчу тIемалойн могIаршкахь хилар.

Лацарций куьг бехке лоруш верг цкъа хьалха Ставропол мехкан Ессентуки гIалин набахте кхачийна низамхоша, цул тIаьхьа Оьрсийчохь дика евзаш йолчу Пятигорскерчу «Белый лебедь» набахте.

И сацийчахьана а Рамзан лацар низамаш талхор ду бохуш каде хьийзаш бу цуьнан адвокаташ. Цара чIагIдарца,I995 шеран мангалан баттахь Буденовск гIалин дарбанан цIа кара а дерзийна, тIемалоша I20 сов стаг а вуьйш, вер-ваккхарш нисдечу муьрехь, Белялов Рамзан Къилбаседа Кавказехь хилла а вац.

Адвокаташа билгалдаккхарца, тIелатар динчу шеран, тIаьххьара ГIуран-бутт тIекхаччалц Белялов Рамзан гIишлош еш, йолах болх беш хилла Башкоркостан республикехь «Маканский» цIе лелочу, хIинца госхоз олучу юьртабахамехь.

Оцу хьокъехь талламхошна тешаш ган а, лебан а цалаарх, Беляловн адвокаташа арз-леткъам бина инарла прокуратуре а, Оьрсийчоьнан Коьртачу талламан комитетан урхалле а.

«Белялов Рамзана бехктакхаман гIуллакх луьстуш волчу Къилбаседа Кавказерчу Коьртачу талламан комитетан белхочо и лаьцна кхо кIира даьллехь а, Рамзанца Башкирехь къахьегна Гуьмсан кIоштан Нойрбоьрахь Iаш болчу бахархойх цхьа цхьаъ тIекхайкхина а , хIун-мила ду къасто хеттарш дина а бац».

Герггарчу барамехь цу кеппара дIахьедар хааме даьккхина «Кавказан узел» газетехь адвокато Загнойко Сергейс. Талламхоша тешаш тергамза битча шен арз дан дезна инарла прокуроран гIовс волчу Сыдорук Иване а, Къилбаседа Кавказехь йолчу талламан комитетан хьаькаме Корнаухов Борисе а боху адвокато.

Цо дийцарехь и шайца цу хенахь балхахь вара аьлла, кехат тIехь даре дина ца Iаш, Ессентуки гIала а кхаьчна барта тоьшалла дан кийча а бу цуьнца болх бина бахархой, амма талламхоша цаьрга барт-хаттам бан цкъачунна деш хIумма а дац.

Нохчийчохь лаьцна Ставропол махка дIавигна Белялов Рамзан 20 шо хьалха Буденовск гIалахь хуьлийла а дац, стенна аьлчи оццу муьрехь иза Башкирехь, Хайбуллински кIоштехь гIишлошьярхойн тобанехь къахьоьгуш хилла аьлла, дIахьедар дина ур-аттал кхузахь адамийн бакъонаш ларьяйта векал винчу Нухажиев Нурдис а.

Цо дийцарехь оцу муьрехь Белялов Рамзан юкъахьволчу белхалойн тобано хIайттараллица дика къахьегарна царех лаьцна дийцина кIоштан газетехь а, церан суьрташ зорбане а дохуш. Бакъонашларьярхочо а бина леткъам Оьрсийчоьнан инарла прокуроран гIовсе Сыдорук Иване.

Бакъду цуьнан а, кхечеран а хьажам –ойла хьесапе оьцур ю аьлла дегайовха берш дукха бац. Цхьаболчара кхеторехь шайна бIегIийла йолччу агIор луьстур ду Беляловн дов а, хIинццалц схьа иттаннашкахь, бIеннашкахь ма-листтара. Цу декъехь йоккха шеко кхобучех ву Соьлж-гIалара юрист, тахана бахархой дIасалелош таксахо а хилла дозал хене боккхуш волу Хасиев Масхьуд а.

«Буденовскехь талор дина 20 шо зама яьлла,- элира Масхьуда,- амма царна юкъахь хилла бохучех 20- сов хIинца а Iедало лохуш ву. Цхьа хан мосазза ели «тхо болх беш ду ала» хаам дIасабаржо беза юкъараллехь. Цу могIарера хета суна Белялов Рамзан лацар а. Буденовскехь герзаш дуьйлучу хенахь иза уьттаза Башкирехь хиллехь а оьрсийн низамхоша шайна ма-тов туьдур ду цуьнан дов, хьаькамашна ма –луъу дерзор а ду.

Стенна аьлчи, Оьрсийчоь низам а, адамийн бакъонаш а ларьеш пачхьалкх хила гена ду. хIора дийнахь карадо цунна тоьшаллаш. ХIинцца Москвахь хилларг хIун ду, ресторана дас шена мелана, марха даста гулвина ах бIе сов стаг а лоцуш?

Изза,хIара акха, боьхучух хьожа ца йогIуш пачхьалкх хилар тоьшалла ду-кх. Тхан шича кIант а хилла царна юкъахь. Шаьш и дижа дуьтур дац бохуш карзахбевлла-м бу уьш. Бекхам бар дац вай дуьйцург. Вай дуьйцург кху делан кхел хиллачу Оьрсийчохь цу могIарера адамашкахь гIело ялло. Харц тIеIаткъам беш долу хIумнаш мичча хена а, мичча меттехь а хила тарло. И ду кхерамениг».

Оьрсийчохь боцу бехк тIетеIор могIарера гIуллакх хиларх къамел динарг ву соьлжагIалара таксахо Хасиев Масхьуд. Гуттар гIаддойург, дог-ойла хьошург ду Оьрсийчуьра хьал кесталгIа битаме а деъна, бахархоша, бакълена а шаьш маьрша а хеташ, доккха садоккхур ду аьлла хьажам берш бане боцу сурт хилар схьагуш дерг.