Токхе ду вайнехан даарш
ТIехьаьжна а чомехь, кIеда ду хингалш. Хьожа йогIу буц, кхаьрзина хох, шекар, туьха а тесна кечйина гIабакх юкъа а юьллуш дина уьш.
Кхоьш. Дийно сарралц токхе латтайо цара. Дакъийна жижиган дакъа тоьхча, кхин а чомехь хуьлу.
Жахар - хьонка кечбаран шатайпа кеп.
Дакъийначу жижигца йина деман галнаш.
Мохь тоьхна сискал, тIо-берам, сийна хох. ТIе молуш гIалмакх чай делахь, гуттар аьхна хуьлу.
Ахьаран дама шина тайпа ду: кIайн, можа. Можачу ахьарх йина галнаш Iаламат чомехь хуьлу.
Сискалан межаргаш. Цхьаболучара мохь туху, вукхара самарсекх туху. Ишта а, вуьшта а дика ю.
Сискалан межаргашца тов хIоаш тоьхна кIалдаьтта.
Демах йина локъамаш...Бераллехь, нана йина яллалц собар ца хуьлий, еччура йовха йоллуш, катухий, масех буйна а юллий ураме ловза идаза мила ву?!
Бежанан жижигца йина ахьаран галнаш. Луучо хохийн а бо берам, амма къаьсттина чомехь хуьлу самарсекхан берамца юуш.
Вон-м дац йоьIан пхьор!
Дуьзина йоьхьаш.
Дуьзина йоьхьаш, бIараш.
Вайнехан текх.
Дакъош ду жижиг, йоьхьаш.
Нитташ чубоьхкина далнаш. Цхьаболучара "юьзина хьолтIамаш" олу кхарех.
Нитташ чубоьхкина далнаш кийча ю яйчу тийса.
Ниттех, кIалдах кечъйина далнашна юкъаюьллург. Дукхахболучара ниттийн метта, хьонкийн гIаш а дохку юккъе.
Кертара баьхна къона нитташ.