Атлантикан тIеман альянсан инарла секретара Столтенберг Йенса дIахьедина, НАТО-но совдоккху ша Украинана ден гIо, шена юкъадогIуш минанех латта цIанде гIирс а болуш, аьлла. Цо хаийтира Донбассера тIеман хьал дарлуш хилар а. Брюсселехь альянса юкъайогIучу пачхьалкхийн кхеташонехь Столтенберга кхайкхира Москох цуьнгахьа лаьттачу сепаратисташна гIо латтор дитаре.
НАТО-но кхоьллина Украинан Килсаца хIинццалц шийла лаьттина юкъаметтигаш денъенйолу кхеташо а. Минанех латта цIандан Украинана гIодарца НАТО-на лаьа маьрша бахархой Iалашбан, бохура альянсан Инарла секретаро. Иштта цо хаамбира, шаьш аьтто бо Украинана шен стигал ларъян герз кхачорца а, иза уггаре хьалха дийраш ю Полша, Норвеги, Туркойчоь, аьлла. Оьрсийчоь, Столтенберга бахарехь, юха ца яьлла сепаратисташна герз а, эскарш а латточуьра. Ткъа Оьрсийчоьно Малхбузенан и тайпа дIахьедарш бакъ ца дина цкъа а.