Венехь Керрица къамел хир ду Лавровн

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарца Керри Джонца цхьанакхета веза шинарийдийнахь Венехь. И хаам бина Лавровс оршотдийнахь Москох журналисташка.

Стенах лаьцна хир ду къамел, ца хаийтина оьрсийн дипломатин куьйгалхочо.

Венехь ГIажарийчоьно шен зарратан программера герз кхоллар юхадоккхуш цуьнца бартбан гуллуш бу Британин, Францин, Германин, Iаьмеркан Штатийн, Китайн, Оьрсийчоьнан дипломаташ.

Масех дийнахь латта тарло и барам. ТехIерано шен зарратан программа а хуьйцуш, пачхьалкхаша цунна тоьхна латтаен эмбарго юха а йоккхуш, дерза деза дийцарш, агIонийн Iалашонаш кхочуш хилахь.