Доккхачу кисано бен ца босту Шенгене некъ

Оьрсийчохь лелачу бозбуанчаллех цхьа а цец ца волу вайн заманахь. Леладо уьш туризмехь а, къаьсттина аьхка – нахана кхечу пачхьалкхашка хьажа-хIитта боьлхуш оьшу визанаш йохкарехь. Кху деношкахь Нохчийчохь кхеле озийна иштачу турагенствон цхьа белхахо.

Деношкахь Нохчийчуьрчу Ленинан кIоштан кхело бехктакхаме гIуллакх гIаттийна дозанал араволуш лучу бакъоннашца бозбуанчалла лелорна Диянова Маринина дуьхьал. Ша «М-Тревл» турагентстван белхахо ю а бохуш, нах шех теша а беш, Шенгенан визанаш йоьллуш харц кехаташ кечдеш хилла цо. I50 эзар соьме кхаччалц ахча доккхуш хилла цхьана стагера.

Прокуратурано шен талламашца Iораяьккхина Диянова Маринас харцо йина I9 меттиг. Шайгара харцонца ахчанаш дахарх даредеш, аьрзнашца денна оьху нах кхеле. Бозбуанчалла талла йолийна Нохчийчуьрчу Талламан комитето.

Оьрсийчохь дуккха а ю Шенгенан, туристийн визанаш йоьллучу бозбуанчаллийн агентстваш. Церан харцонех Iехалучийн терахь кхин а лакхара ду.

Харцонаш дуккха а хаало бусалба нах хьаьжцIа баха кечамаш бечу муьрехь а. Дахначу шарахь Дагестанера I4 вахархочо бехкебира «Анджи-тур» агенствон белхахой бозбуанчаллаш леладарца. Визанаш йоьллур ю шаьш аьлла, 2 миллион соьмана зен динера бахархошна агенствон белхахоша.

I5-20 шо хьалха Къилбаседа Кавказера бахархошна маьрша дара муьлххачу а пачхьалкхе ваха.

Ткъа тахана бакъо луш яц аттачу хьолехь, къаьсттина Нохчийчуьрчу, ГIалгIайчуьрчу, Дагестанера а бахархошна.

Виза яккха а воьлла ша хьегначу халонех лаьцна дийцира Маршо Радиона Соьлж-ГIалин вахархочо Исламов Аслана. Беттанашкахь къахьегарх гIуллакх а ца хилла, догдиллира цо Европех бIаьргтохарх.

Исламов: «Массо метте телефонаш тоьхна, интернетехь хеттарш дина виза яккхагIерташ, уггар хьалха, хьо стенгара ву олу. Нохчийчуьра ву ас аьлча, консульствера омра дина шайга, шуьгара кехаташ схьа ма эца аьлла, олу. Таханлерачу дийнахь Шенгенан виза нохчочунна луш яц аттачу балхах. Я ши эзар-кхо эзар евро дала деза, цул совнаха 2-3 баттахь хьежа а деза. Нах хьийза бо-кх!».

VisaToday-н компанин сайтатIехь хаам бу сайтан администрацис битина, карарчу хенахь Къилбаседа-Кавказерчу къамнашна визанаш яла аьтто бац, кехаташ схьаоьцуш а дац аьлла.

ХIетте а дог ца дуьллуш, билгалдаьхначу мехкашкара дукха бахархоша лоьху некъаш дозанал арахьа шайна а, шайн доьзалашна а. Шаьш дехачу мехкашкахь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилча, хIунда ца ло шайна бакъо, адам лорручу мехкашка дIадаха, бохуш леткъамаш хеза цаьргара.

Харц-бакъ некъаш лоьхуш, маршоне кхочучу меттана кхочу уьш аферистийн саьхьарчу бена. Цигахь теттина мах боккху цаьргара.

Уггар бохаме дац хуьлу зен, йойу хан, кехаташ кечдеш, дала тохар ду, хьо харц визанца дозанал ара волучу заманчохь Iедало гучудаьлча, 5-I0 шарна цул тIаьхьа пачхьалкхера аравала хьуна доьхкуш хилар.

Кху тIаьххьарчу шарахь Оьрсийчохь алсамъевлла тайп-тайпана агентстваш, шаьш цхьа дуьхьало а йоцуш виза хуьлуьйту Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташка, бохуш. Ткъа къайле йоцуш хууш ду, Iамерке кхача Iаламат чолхе дуй а, цул совнаха Оьрсичохь санна, кхаьънаш оьцуш меттиг яц Iамеркан посольство.