Хиндерг къаьстаде еза буьйса - Лайлатул-Къадр

Пакистан --Лайлатул-Къадр буьйса ларъеш маьджигехь бусалба нах

Мархийн беттан 27-чу буьйсанах Лайлатул-Къадр буьйса олу. И буьйса уггаре еза ларалуш ю Рамаданехь. Оцу буьйсанан йозаллах лаьцна Къуран девзачу Iеламстага дуьйцу.

Шеран 12 баттах бусалба нахана уггар беза болу Рамадан бутт чакхенга кхочуш бу. Бисинчу цхьайтта беттачохь адамера йийлинчу ледарлонашна, кхидолчу къиношна гечдеш, Дала совгIатана белла бу мархийн бутт, Iеламнаха дийцарехь.

Рамадан баттахь 26 марха дIа а даьлла, 27-гIаниг тIедогIуш Лайлатул-Къадр буьйса хIутту. Цу буьйсанна йина Iамал эзар баттахь йинарг санна еза ларалуш ю, боху Iеламчаша.

Мархийн 27-чу буса массо а пачхьалкхашкарчу бусалбачу наха маьждигашкахь цхьаьна кхеташ, ламазаш деш, доIанаш до, Деле дуьненан шаьш Iазапах хьалха даха дехаршца.

Лайлатул-Къадр буьйсанан мехалла алссам йовзийтар дийхира Маршо Радионо кIоргга КъурIан девзачу Iеламчига Берсанов Мохьмад-Хьаьжига.

Мохьмад-Хьаьжа: «Лайлатул-Къадр и мичара ду аьлча, Дала ша Сийлахь КIурIан шен Iаьршашкара, шена уллора оцу буса дуьненан стигала досийна». И ю-кх цу буьйсанан йозалла. Вайна хаа йиш яц 27-гIа ю я 28-гIа ю Лайлатул-Къадр буьйса.

ДоIанаш дийр ду вай оцу буьйсане кхачаде ахь бохуш. Вайн доIанашна Дала жоп лун еза буьйса ю иза. Оцу цхьана буьйсанна йина Iибадат кхечу эзар баттахь йиначул а сов йолуш ю».

Лайлатул-Къадр буьйса шегахь баланех а, вонех а хIума доцуш, цIена буьйса ю, хIунда аьлча цо шеца даккхий диканаш дохьу, бохуш юьйцу динан дайша.

Дуккха а хьадисаш ду оцу буьйсанан дикаллах лаьцна. Билггал хууш дац, къамел динчу Мохьмад-Хьаьжас ма-баххара, маца юссу Лайлатул-Къадр буьйса, амма тоьшалла дира цо и буьйса Рамадан беттан тIаьххьарчу итт буьйсанах цхьаъ хиларан.

Рамадан баттах тIаьххьарчу итт дийнахь ИIтикаф а дихкина, маьждиг чохь къовлалур бу кхушара а бусалба нах. Дерриг дитина а, Лайлатул-Къадр буьйса тIех ца ялийтархьама.