Сребреницехь байина бусулбанаш дагалаьцна Боснехь

Боснерчу сербаша Сребреница гIалахь эзарнаш адамаш дайина 20 шо кхачарца йоьзначу мероприятешка веанчу Сербин премьер-министрна Вучич Александрна тIулгаш а, шишанаш а диттина меттигерчу бахархоша. Эзарнаш адамаш дакъалоцуш дара Шоьтан дийнахь Сребреницехь хиллачу акцехь. Сербаша цигахь байинарш бу бусулба нах. Цигахь динарг уггаре а адамалла доцу кIиза зулам лоруш ду ШолгIа Дуьненера тIом дIабирзинчул тIаьхьа Европехь дина долу. Байинарш дагалоцучу церемонехь дакъалоцуш вара Сербин премьер-министр Вучич Александр а, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн хилла президент Клинтон Билл а, Iамеркин пачхьалкхан секретар хилла Олбрайт Мадлен а, Турцин премьер-министр Давут Оглу Ахмет а.

Цу церемонин дакъа дара ДНК-ца муьлуш бу хиина 20 шо хьалха Товбеца-беттан 11-чу дийнахь вийна тIаьххьара 136 стаг дIаволлар. Цу кеппара мила ву хаа аьтто белира сербаща вийна 7000 гергга стаг. 1995-чу шарахь Товбеца-беттан 11-чу дийнахь, кхаа шарахь бахбелла тIом дIабоьрзуш, сербийн эскарша шайн караийцира бусулба нах беха анклав, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин цIарах цигахь лаьтташ болу Голландера машарбархой ара а баьхна. Эзарнаш бусулба нах, шайна юкъахь кхиазхой а болуш, бевдда къелхьарабовла гIоьртира хьаннашкахула.

Амма сербийн салтташа тIаьхьа а оьхуш герзаш детташ байира уьш. Цул тIаьхьа цара Голландин эскаран базехь висина волу 2000 стаг зударех а, берех дIа а къастийна къиза вийра. Сербаша церан декъий оьрнаш чу кхиссинера. 6 эзар сов стаг дIавоьллира тIаьхьо Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин база лаьттинчу Поточари олучу мемориалан центрехь. Цигахь хилира тезетан мероприятеш.

Кху деношкахь Оьрсийчоьно тIе вето а йиллина тIецаэцийтира Сребреницехь хилларг геноцид яра аьллла Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамазаллин кхеташоно кечйина резолюци.