Iамерко кхайкхамбо Эстемирова Наташа йийнарш жоьпе озор

Нохчийчуьра бакъонашларъярхо, журналист Эстемирова Наташа йийна 6 шо дузарца доьзна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан департаменто кхайкхамбина Оьрсийчоьне зуда ерна бехкеберш жоьпе озор доьхуш. Кхайкхамо боху, Къилбаседа Кавказехь яда а йина, йийра адамийн бакъонаш талхор толлучу муьрехь Эстемирова Наташа, и зулам таллаза дуьсуш ду хIинца а. Кхайкхам баржийнарг ву КIайчу ЦIийнан Пачхьалкхан департаментан пресс-секретар Кирби Джон. «Сагатдийриг ду, халкъан дуьхьа харцонца къийсалучу журналисташна зенаш деш хилар.

Оха кхойкху Оьрсийчоьнан Iедал бакъоларъярхошна а, журналисташна а шайн мехала болх дIабахьа хьелаш кхолларе,» - аьлла Кирби Джона. Эстемирова Наташа дагалоцуш суртийн, документийн, видеон гайтам схьабиллина Москох бакъоларъяран «Мемориал» юкъаралло. Иза кечбинарг ю Нохчийчохь дуккха а шерашкахь болхбина Чехера «Адам- бохамехь» цIе йолу юкъаралла. Ткъа Петарбухахь «Яблоко» партино Соловецк-набахтера къизалла дагалоцуш хIоттийначу тIулгана гергахь дIахьош бу Эстемирова дагалоцу барам.