Левада-Центран жамIаш

Социологин талламаш бечу «Левада-Центро» довзийтина ша, «Экономика а, тIеман ницкъ а» цIе а тиллина Оьрсийчоьнан бахархошца бинчу талламан жамIаш. Пачхьалкхан экономикана мел зен хилахь а, тIеман гIирс, герзаш совдаха деза Оьрсийчоьно аьлла хета 53 процент нахана. Амма пачхьалкхан экономика тIеман таронашца дуьстича коьрта ю аьлла хета хаттамехь дакъалаьцначу 58 процент респонденташна. 64 процент бу махко Малхбузенца гергарлонаш чIагIдан деза аьлла хетарш.