Шайн мехкан стигалан доза а ца хадош, Туркойчоьнан тIеман кеманаша тохарш дина дозанерчу Шемин лаьтта тIе, гергахь лаьтта ДАIИШ-ан тIемалойн каппашна тIе. Вийна 100 сов джихIадхо. Иштта хаамбо Турцерчу Маршо Радион корреспондента Солнцева Еленас.
Дуьххьара деш ду туркойн кеманаша и тайпа тохар. Диярбакъир гIалара гIевттина, Шемарчу Гавар юьрта йиттина кеманаша лазерца лелош йолу ракеташ. «Исламан Пачхьалкх» тобанера баьхкинчу тIемалоша шайн ханера цхьа эскархо а вуьйш, шиъ лазийча бина туркоша и бекхам.
Диярбакъир юкъайогIучу Килис кIоштахь антитерроран барамаш дIабахьа гIаттийна Туркойчоьно итт эзар полисхо. Кхо бIе сов стаг лаьцна цигахь ДАIИШ-н тобанера хилар зуьйш.