«Евгений Онегин» нохчийн маттахь

Ненан мотт шарбеш, кIаргбеш, халкъана марзбеш гIолоцу кхечу меттанашкара дечу гочдарша. Цунах тешна ву иттаннаш шерашкахь дуьненан поэзи, дийцарш нохчийн матте дохуш схьавогIу яздархо Хатаев Хьусайн. Пушкинан «Евгений Онегин» роман нохчийн матте гочъеш ву иза юккъе а кхаьчна.

Оьрсийн исбаьхьаллин литературехь тоьллачех тоьлла ларалучех ю байташкахь язйина роман «Евгений Онегин». Кху тIаьхьарчу шерашкахь иза нохчийн матте яккхарехь кхиамца къахьоьгуш ву махкахь дика вевзаш дешан говзанча, гочдархо Хатаев Хьусайн. Кхо корта нохчийн матте а яьккхина хIинца и цо юьхьарберзийна 4-гIа корта.

Кху деношкахь ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь цуьнан кхоллараллин пхьалгIа а кхаьчна Хатаев Хьусайница къамел дан аьтто хилла сан. Бакъду, тхойшиннан «дагардийцар» деккъа цхьана гочдарех хилла ала хала ду, стенна аьлчи цуьнца а дузуш дийцина тахана нохчийн маттехь долчу хьолах а, цуьнан кхененах а,иза «дIа а боьжна бацор» , барам а,чот а йоцуш чIогIа хьашто хилар а.

«Евгений Онегин» роман ешначунна хааьа оьрсийн мотт бекорехь, бен-бечу басаршца лепорехь мел «лакхенаш» яьхна, дуьненна а вевзачу сийлахьчу байтанчо. Гочдарех а,маттах а деш долу «хьекъале» къамелаш тIаьхьа а теттина хьалха шуьга ладогIийта лаам бу ненан маттахь екачу цу романе.

Хууш ма-хиллара цу романехь Татьянин а ,Онегинан а юкъаметтиг къастош, кульминаци лара а тарлуш мехала ду,дагархоуьйтуш йоIа кIанте яздина кехат. Ша гочдинчу кехатан чулацам бовзуьйтуш ву автор Хатаев Хьусайн.

Хатаев: «Татьянин Онегине кехат.

Ас хьоь яздо и ца тоьу, кхин тIетоха хIун ду сан?

ХIинца хьан и таро мА ю, инкарлонца лахъян со.

Амма велахь болуш тIадам, къинхетаман хьайца хьо,

Ахьа бешна сан синкъадам,йийр ,гарехь,аьшнаш со.

Дагахь яра цкъа ца яздан, вуьшта теша, эхь сан хIара

Хьуна къайле хир мА яра. Йиш сан хилча хьуна тадан,

Наггахь со йолчу кIирнах цкъа,вар сакъера юьрта тхан.

Ас хьан къамел хезаш дийна,дош эр дара сайн цхьа тийна.

Юьсуш тIаккха хьо ган хьаьгна,безамо ваз даьгна аьгна.

Боху хаьдда уьйрех нехан, гIайгIа юуш хьо цIахь веха.

Ткъа тхо пекъарш,хIун де тIаккха, дог хьан эца охIла дац-кха.

ХIунда кхечи тхойца ловза, юй ца хууш йолчу юьртахь,

Йиш хир яцара хьо вовза, йиса къахь ловш,чохь я уьйтIахь.

Кхехкар къоначу сайн сина, хьанна хаьа са тедина.

Кхинарг цхьаъ карийна сайна, хилла эма тешаме,

Нана хилла кхетаме,яха хIуттур,дахар тайна!

Кхинарг. ХIан-хIа.Кхинарг аса хоржур вацара цкъа а дагца

Къастам кхела бу и цхьа, кхийдам стигла, со ю хьан.

Дахар сайниг хилла хьуна,закъалт гур хьо хиларх суна.

Суна велла дала хьо,ахь ларйийр ю валлалц со.

Хьо гIенашкахь дуьхьал тийси, гина воцу хьоме хийти.

Со хьажаро малйи хьан, аз хьан дийки дагчохь сан.

Мацах ,и ца хилла гIан. Гучуваларца хьо вевзи.

Кхаъ хиларна корта хьаьвзи, хеби,йогуш яьккхи хан.

Хьо вовзарна къера ю ,сайга боху « и хьо ву».

Хьо вацара хезнарг ,Iийнарг, мисканашна ас гIо деш?

Сан са тедеш,соьца тийнарг, сан доIана хилла теш?

Хьо вацара эццахь гинарг, хилла гIаларт, дай цхьа хьоме?

Бодашкахь къегина цкъа,гIевлинга хиина сан?

Безаман шовкъ а луш хьайн,бинарг суна хьехам беза,чоме.

Хьо ду малик гIарол сан,я хьо гIан ду говза цхьа?

Сан шеконаш къахькае,бу те хIара Iехам сина?

Дерг а,доцург а къастаде.Со ю техьа кхин яздина?

Мухха делахь а кхоллам сайн, аса йоьлхуш хьоьга ло.

Хьо доладан къобалво. КхиндIа уьйр хилийта вайн.

Хаа со ю кхузахь цхьаъ,сан кхетамна хилла даI.

ХIаллакхила герга со, хьан гIо оьшуш воьху хьо.

Со деньехьа ахьа дагца, я гIан сайниг хададай

Самаяккха сиха хIай,суна йогIу Iоттар ярца.

Со чекхйолу,деша кхоьру, эхь-бехк луьра соьца деха.

Хьан сий аса юьхьарлоьцу, кхин ца догIу дийца деха».

Маршо радио: « Евгений Онегин» роман оьрсийн исбаьхьаллин литературан цхьа лакхе ю. Цул сов цу романехь Татьянас яздина кехат церан юкъаметтиг къасторехь а ю шатайпа лакхе. ШолгIа и кехат нохчийн меттан таронаш гойтуш цхьа бустам –кхиам бу аьлла а хетало.

Хатаев: «Хьоьга дика ян еллехь хьан гочдар вуно мехала ду. Ахь хьайн матте яьккхина хIума исбаьхьаллин лакхе йоккхуш, мотт хьабеш, елахь и дош ду. Гочдарша мотт хьабойту,таронаш шорйо, керла дешнаш,кхетамаш юкъадаладойту, басарш карадойту.

Хууш ма-хиллара оьрсийн маттахь,оцу кепара кхин язйиний те аьлла дика язйина ю и роман. Тхан матто а и дIаала дезаш нисло. Коьртаниг и дика ала гIортар. Цхьа шеко а йоцуш, тахана нохчийн маттахь ледара хьал ду. маттана орцах волуш стаг вац,дийцар,бахар доцург».

Гочдарех а,нохчийн маттах а,Iар-дахарх а сан къамел хиллачу байтанчо ма-аллара теша лаьа тIейогIучу хенахь нохчийн маттаца хIинца санна эмгаралла а доцуш, кепаш а,моттаргIанаш а, дархьама деш долу къамелаш а дитна, бакълена а и бийцар,цу маттахь яздар, сийлахь,лераме хьашто а хилла, Iедалан мукъ карахьберш а, цаьрца цхьана массо тIегIан бахархой а,ненан мотт караберзор Iалашо а лаьцна диканна гIоттур ву аьлла.