„ЦIий кхехкаш ду сан, яйчохь хи санна. ОьгIазлонна егайо сан хIора а меже. Амма инарла хьажор вац ас шу долчу эскарна хьалха а ваьккхина. Суо вогIур ву, шу мехкан лаьттанаш ас шун цIийца Iабор ду, иза цIийдаллалца, ткъа шу пхьагалш санна лаьмнашца ловчIур ду, амма шуна цигахь а тIаьхьакхуьур ву со. Шу сан турах ца лахь а, шелонна лийр ду“- хIара дешнаш оьрсийн инарлано Цицианов Павела нохчийн къомана хьажийна яздина ду.
Ткъа историн Iилманчано Бакаев Хьасана шен хьастагIа Полшехь арадаьллачу жайнехь дахкош ду уьш, эзарнаш кхинарш, оьрсийн а, кхечу къомах а болчу наха нохчех аьлла долу кхин дешнаш санна.
„Гуттарлера тIом“ аьлла нохчийн матте гочйан йиш ю Бакаев Хьасанан киншкин цIе. „Нохчи доттагIийн а, мостагIийн а бIаьргашкахула“ аьлла ю цуьнан шозлагIа цIе.
Варшаверчу Серло зорбантIехь арадаьллачу цу жайни тIехь 450 агIонна чохь историн Iилманчано гулдина масех бIешарахь цIеяхханчу оьрсийн политикан а, юкъараллин а, исбаьхьаллин а жигархоша нохчийн къомах лаьцна аьлла я яздина долу дешнаш. Вуно гомачу аларшна тIера вуно сийдаречу дешнашка кхаччалца цитаташ ю цу тептарна чохь гулйина.
ХIинцалца схьа тайп-тайпанчу ширачу а, вайнзаманахьлерчу а историн хьостанашкахула дIасакхийсина хилла долу и аларш цхьана киншки чохь гулдина, ешархочунна тидаме дехкина авторо, шех тера кхин масала доцучу тептарехь. Ша Iилманчано Бакаев Хьасана Маршо радионе иштта дийцира шен балхах лаьцна.
Бакаев: „Ма-дарра аьлча, со студент волчу хенахь дуьйна ас гулдинера и йозанаш, цхьана леринчу блокнота чу дIа а яздеш. Сайн доттагIашка а лора ас и блокнот, цаьрга а шайна карийна аларш цу чу яздайтархьама. Амма и йозанаш сан дайра. Дукха хан йоцуш ойла хилира, делахь, и тайп-тайпанчу хьостанашкахула даьржина долу йозанаш схьагулдан ма дезара аьлла.
ТIаккха сайн цхьацца йозанаш а лехна, киншкаш а толлуш, архивашкахь а лехамаш беш, цхьана шарахь вовшахтуьйхира ас и тептар. Петр Хьалхарчо Оьрсийчоьнах импери кхайкхича дуьйна схьа вайх долу аларш ду цу чохь гулдинарш“.
„Гуттарлера тIом“ цIе йолчу тептарехь гулдина долу нохчийн къомах долу аларш вуно доккха историкаллин мехалла долуш ду. Iилман белхалошна а, шуьйрачу ешархошна а пайда эца дукха тайп-тайпана цитаташ ю цу чохь. Амма и дешнаш аьллачарна юккъехь цхьа Авторханов Iабдурахьман воцург цхьа а нохчи вац. Иза ларамаза а дац, тептаран авторо дийцарехь.
Бакаев: „Паччахьаш, президенташ а, инарлаш, яздархой – гIарабевллачу нехан дешнаш ду ас гулдинарш. Царна юккъехь цхьа а нохчо вац, цхьа Авторханов Iабдурахьман воцург. Иза ас цу юккъе вахийтаран бахьана – оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а историн Iилманчаша шаьш вайх лаьцна дуьйцучохь даима а цунна тIе а тевжаш олуш я яздеш хилар ду. Цундела дуьххьарлера хьоста санна валийна ву сан иза“.
Бакаев Хьасанан киншка араяьлла дукха хан яцахь а, тоххарехь шуьйра евзаш ю иза къаьстина аренца бехачу нохчашлахь. Дуккхаъчу интернет-агIонашна тIехь бийцаре беш бу цуьнан чулацам.
Вевзаш волчу нохчийн филологин Iилманчано, ша а масех тептаран автор волчу Сулейманов Джамбулата лакхара мах хадийра Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь Бакаев Хьасана и жайна арахоьцуш бинчу белхан. Цунна хетарехь, къаьстина нохчийн шайн цу заманера историн жайнаш дисина ца хиларна а мехала ду бIешераш хьалха хилларг хIетахьлерчу оьрсийн инарлийн а, юкъараллин жигархойн а бIаьргашца гар.
Сулейманов: „Кавказан боккха тIом – иза вайна хууш ма-хиллара вайн исторехь вуно маьIне мур бу. Вайн маттахь яздина цу заманахьлера йозанан хьостанаш ца хилар бахьана долуш и тIом вукху агIонна муха гина бохург хаар чIогIа мехала ду вайна. ХIунда аьлча вайн къоман тIеман аьттонаш муха хилла а, къоман саайдалар мел лакхара хилла а, ткъа иштта цу тIеман къизалла а, халонаш а мел яккхий хилла бохург – иза дерриге а цу цитаташкахь гуш ду.
И цитаташ яьржина тайп-тайпанчу хьостанашкахь яра, вайн историн Iилманчаша царех иштта гул а еш, пайда оьцуш бара. ХIинцачул тIаьхьа бIеннаш а, эзарнаш а хьостанаш талла а ца дезаш, цу цхьана тептар чуьра уьш схьаэца пайда хир бу церан. Со тешна ву, Бакаев Хьасана яздина и жайна историн Iилманчийн а, истори езачийн а долахь хир ду аьлла“.
Бакаев Хьасан вайнзаманахьлерчу нохчийн историн Iилманчех шуьйрачу ешархошна уггаре а вевзачех а, везачех а цхьаъ ву аьлча харц хир дац. Хьалхара тIом дIабаьллачу муьрехь цуо шен дуьхьарлера жайна - „Историн къайлахчу некъаш тIехь йилбазан лар“ цIе йолуш хилла - арахецчахьана къаьстина кегирхоша дукха доьшуш а, дийцаре деш а ду цуьнан йозанаш.
Нохчийн-оьрсийн хьалхара тIом болабелла 20 шо кхачарна лерина арахецна долчу Бакаев Хьасанан тептарна дешхьалхе язйинарг ву дозанал арахьарчу Нохчийн Республика Ичкерин урхаллин кьуйгалхо Закаев Ахьмад. Ткъа и жайна деша луучийн таро ю иза интернетехула лаха а, эца а.