Гуманитаран катастрофин зил тIе кхаьчна Австрехь мухIажарш тIеоьцучу Трайскирхен лагерера хьал. I800 стаг тIеэца а, царна тховкIело Iалашйан а таронаш йолчу цу лагерехь карарчу хенахь 4800 стаг ву гулвелла.
Ткъа и терахь хIора дийнахь алсам долуш а ду, хIунда аьлча тIаьхьарчу беттанашкахь цхьа де а ца долу мел лаххара а цхьа бIе а стаг я совнаха цу махка тховкIело еха ца вогIуш. Коьртачу декъехь Шемара а, Иракъера а, ткъа иштта Африкера а тIамех а, баланех а бевдда, Европехь кхерамазалла лоьхуш баьхкина болу и нах, дагахь а доцуш, эрна арахь бисина.
3000 герга мухIажар, 40 градус тов йолуш а, догIуш догIу долуш а, ша бетташ а – доцца аьлча, муьлха а хенан хIоттам белахь а, стигал йоцург кхин тхов боцуш вехаш кIиранашкахь. Цу юкъана Австрин урхалла беттанашкахь цу мухIажаршна хIун дийр дара бохучу хаттарна жоп лоьхуш ю.
Стенна ду Европехь уггаре а таронечех пачхьалкхе йолчу Австрина масех эзар мухIажар дIатарвар сел хала бохучух кхета хала делахь а, амма мелла а цу хаттарна жоп серладоккху, цу пачхьалкхийн низамийн башхалла евзича.
Трайскирхен – иза Австри кхаьчна болу мухIажарш дуьххьара, богIуш лаьтташехь Iедална тIе а боьлхий, нохчашлахь, кхечу къаьмнашлахь а шуьйра девзаш долу „азюль“ дош олу меттиг ю. Аьлча, цара шаьш тховкIело лоьхуш дуйла дIахоуьйту а, церан гIуллакх талла доладо а меттиг.
Цу нахе бан безаш болу хеттамаш бинчул тIаьхьа а, церан могашалла а, уьш бовда хIиттина хилла бахьанаш а теллина даьллачул тIаьхьа, мухIажарш цу лагерера цхьацца пансионашка а, юкъараIойлашка а, петаршка а дIасахьовсабо. Ткъа лагерера меттигаш керла тIе богIучу мухIажаршна мукъайоху.
Амма тIаьхьарчу беттанашкахь и система галйаьлла, тховкIело лоьхучийн терахь Шемара тIом бахьана долуш цIеххьана вуно лакхадаларна. Кхин дIа цуьнца доьзна цхьа могIа проблемаш гучуевлла.
Масала. Федерала урхаллехь хилла ца Iаш, коммунийн а, лаьттанийн а куьйгаллашкахь вуно яккхий саршонаш ю цигахь, шайн, меттигера, низам а, къепе а билгалйаккха. Цул совнаха, меттигерчу коммунийн а, бундеслаьттанийн а куьйгаллехь болу нах тайп-тайпанчу партийн векалш бу.
Ткъа цу партешна юккъехь мухIажаршца къинхетаме йолу баьццара я социалхойн партеш хилла ца Iа, консервативе йолу Халкъан парти а, гаррехь мигранташца гома йолу Маьрша парти а ю. Нагахь санна цу шина партин векалш коммунийн куьйгалле кхаьчна белахь, цара Трайскирхенера мухIажарш шаьш дол-долче тIе эца ца туьку. Иштта гул-гуллуш вовшахкхетта цу лагерехь цхьанна а ца оьшу, массарна а совбевлла болу и мисканаш.
Политикаш а, урхаллин декъашхой а хIоттаделлачу хьолана бехк вовшашна тIе туьттуш, эрна вовшахбетталуш а, охьахуьйшуш, къамелаш деш лелачу юкъана Австрера бахархой а, юкъараллин жигархой а шайн ка долллучу кепара мухIажаршна орцах буьйлу.
ШозлагIа кIира доладелла Венин юккъехь, меттигерчу Оперина хьалха цхьа могIа меттгерчу исбаьхьалхоша мухIажаршна белшашгIорторан акци дIахьош йолу. Дийнахь а, буса а, сахиллалца а буьйшуш а боцуш, 24 сахьтан хьесапехь митинг ю цара уггаре а дукха адам дIасалелачу Вена гIалин дега юккъехь дIахьош. „Бист ца хуьлуш Iаш йолчу юкъаралло хIаъ боху мухIажаршка!“ аьлла ю цу акцин цIе.
Ткъа иза йолийначу артисташ а, яздархоша а, сарташ дахкархоша а чIагIдо, Австрин урхалло я мухIажаршна орца кхачоллалца я и урхалла балхара йоххалца шаьш дIасадевр дац бохуш.
ХIора дийнахь шайн чотах Трайскирхене а боьлхий, цигарчу мухIажаршна юург а, тIеюху хIума а, молхнаш а латтош болчу акцин декъашхоша мукъаденошкахь цу лагерера масех стаг валийнера, Венерчу Оперна хьалха пресс-конференци яла. Даханчу Iай вуно къиза тIемаш хиллачу Шемарчу Кобане гIалара бевдда Австре баьхкинчу кхурдойн доьзалан нанас иштта дийцира шайн Трайскирхенерчу Iер-дахарх лаьцна.
Кхурдойн зуда: „ТIе хи кхарза а меттиг бац тхан цигахь. Цхьа а тайпа гигиена ларйан аьттонаш бац. Хала ду-кх цигахь Iен, вуно хала. Бераш цомгуш ду сан. Эзарнаш нах бу цигахь чу баха меттиг а боцуш, арахь Iаш, урамашкахь дIа а буьйцуш. ХIора дийнахь, хIора мIаьргонехь гуш бу тхуна и нах а, и хьал а.
Масала, тхо лийча хIоттахь, 15 стаг цхьаьна лийча хIотта веза тхан, зударий а, божарий а цхаьна. Амма къаьстина зударшка да ма ца ло иза- божаршца цхьаьна чохь лийча ма ца ло уьш. Цхьа жимма хилла а меттиг езара суна цигахь, сайна, кхечаьрца екъа а ца езаш, хи доцуш, хьелаш доцуш а, амма цхьа къаьстина четар мукъане а, маьрша сайн доьзалца со чуерза йиш йолуш.
ТIом болчу меттера схьадаьхкина ду тхо, Кобане гIалара. Тхан гIала ерриге а йохийна дIаяьккхина ю. Ишколаш а яц цигахь, цхьа а хьелаш а дац. Тхайн бераш бахьана долуш даьхкинера тхо кхуза схьа, берашна цхьа хиндерг хилийта а, цхьа машаре дахар хилийта а. Амма иза кхузахь тхуна гуш дац. Тхо-м даккхий дара, тхоьга-м и йоллу халонаш ла а лора. Амма тхан берашка ма ца лало и хьал“.
Цу юкъана Австрин Iедал Трайскирхенехь совбевлла мухIажарш цхьана ханна луларчу Словаке хьовсон гIулчаш йохуш ду. Цигахь шайн махкахь чул а алсамох еса лаьтташ гIишлош а ю, цигахь тховкIело йоьхуш сов кIезиг мухIажарш а бу бохучу бахьанца. Цуьнца доьзна дара кIирандийнахь мухIажарш тIеоьцу вай я ца оьцу боху хаттарца Словакехь референдум дIаяхьар а.
Цецволийла дац референдумехь дакъалаьцначу словакахойн 97 процентано мухIажаршна дуьхьал кхаж тассар. ХIинца цу жамIашца доьзна кхин дIа а дуьненна а совбеллачу мигрантийн кхолламах керла сацамаш лоьхуш ю Австрин урхалла.