Белхех лелар а дIадаьлча...

Нохчийчохь белхи, 2015.

Нохчалла, дайшкара схьадаьхкина оьзда ламасташ, адамашна юкъахь еха марзонаш, гIиллакхаш... мел заманаш вай хийцаелла бахарх а, хийцаяла йиш йоцу башхалла ю и дерриг а. Белхи, стаг стага дахаран ирхешна хьалха ша цаI ца витар, иза а ду вайн мехала ламаст. Ткъа иза а дIадайча?

Жимма а хенарчу бахархошна а дага а догIуш, 30-40 шо хьалха, нохчийн дахарехь Iаламат маьIне, цхьа перза хIума санна туьдуш дара белхи, къаьсттина поппаран белхи.

Къаноша даре а деш, хIорамма а шен декхар лоруш хилла,лула-кулахь хилча-м хьала а,охьа а, цу белхийла а вахана гIодар: кибарчигаш еш а,поппар хьохуш пенаш дукъуш а, цIенкъанаш йохкуш а.

Бу бохучу дешан говзанчаша, Арсанукаев Шайхис, масала, тоьшалла дарца, забаре ира дешнаш ца кхоош, «хIайт» эккхийтина «кхехка» белхи саца а бой, вотанца, пондарца, дIаболош хилла хелхаран бал. Амма и дукха бах ца болуьйтуш,хелхаран шовкъ балхана пайдехьа ерзош, карладоккхуш хилла къахьегар.

Хийла масалш ду белхийлашкахь тасаделла захало бахьнехь керла доьзал кхоьллина, мехкарий а, кIентий а гIоза-декъала баха хевшина. Арсанукаев Шайхис лаа ца кхоьллина, гIоьнна гIевттинчу нехан уьйр-марзонаш гойтуш хIара могIанаш:

Ловзар дац хIоьттинарг лулахойн кертахь,

Белхий бу,белхий бу-поппаран белхи.

Ерриг юрт гульелла кху уьйтIа бертахь,

Цкъа болх бо,забаршца хелхарш до боьлхий.

Вота а кхиссало,кIажьоьху пондар,

И хала болх хета тахана атта.

Мехкарша хи детташ,кечбо шайн поппар,

Кегийнах къийсалуш,охкуш бу латта.

Чекхдевр ду и цIенош тахханехь хьаьхна.

Я болх а Iаьткъар бац цхьанна базбелла…

Лаьмнашкахь даима нах ишта баьхна,

ХIораннан йиш йолуш хIора неI елла.

Ловзар дац хIоьттинарг кху кертахь Iуьйрре,

Белхий бу,белхий бу – попрпаран белхий.

Вуьсур вац юьртахо тIекхаьчча гуьйре,

Тхов боцуш – юьртахой баьхкина белхех!

Заманан йохаллехь, белхеш цхьаьна а тухуш, нохчийн вовшашна орцах бийлар исбаьхьаллин ирташ тIехь дийцинарш чот йоцуш дукха хила тарло. Цхьа могIа Iилманчаша а къаро а еш, цу белхийлашкахь къеггина йовза таро хилла нохчийн карзахе амал а, дахаран мехаллаш а, бустам-барамаш а, и кхетор а.

Даима а бохург санна.нохчийн белхийлашкахь нисло хьасартне къахьегар, дегнаш ир-кара а хIиттош,вовшийн гIортораш а хилла,щовкъе хьийзачу кегийрхойн вовшех самукъадалар вуно дика гайтина байтанчо Цуцаев Iалавдис а.

Лоькхура белхолахь пондар, йогIура балхаца йиш,

Ча хьоьрсуш, кечбора поппар, юх-юха деттара хиш.

Мехкарша елийна яххьаш, гоне хьо поппаран хьер,

Дашийна кучамийн даххаш, соцуш дац забаршца лер.

Пенаш тIе хьоьхура поппар, наг-наггахь долур «тIох!»

Сих-сиха соцура пондар, ца соцуш беш бара болх.

Дисийта дегI а шен гIорахь, ца йича йолий тIе ял?

Поппаран пазаташ когахь, юкъ-кара боккхура бал.

Мел меттиг дIалаьцна вайнехан дахарехь тайп-тайпанчу белхоша? Байтанча Цуцаев Iалавди ву цу хаттарна шена хетарехь жоп луш.

Iалавди: «Оцу белхолашкахь баьхкина нохчий Сибрехара цIа баьхкинчул тIаьхьа. И белхош бахьана долуш хийла да тхов кIел вирзина,хийла йоI маре яхна. Оцу массо белхош юкъахь суна къаьсттина мехала хетарг и поппаран белхи бу-кх. Кхечу агIор тидча синкъерам а хилла белхи,адамийн юкъаметтигаш,уьйр-марзонаш нисьяран гIирс а.

Белхех къамел дерзош ала догIу баккхийчара деш долчу мукIарлонех а. Цара дийцарехь, дукха масалш ду каде хьаьвзинчу юьртахоша, хIинццалц схьа мохо лоькхуш лаьттинчу шерачу бай-аренехь, кIира-кIиране далале,латта тесна цIенош а дугIий, керла кхоллабелла доьзал баха ховшийна. ХIетахь ондда бух болуш хилла, халкъалахь хIара алар а: «Тхов тIебахчахьана,кхидергга-м хала дацара».