ТIаьхьий-хьалхий кхо эккхийтар дина Кабулехь пIераскан буса а, шоьтадийнахь а. Низаман урхаллашна гергахь дина уьш, цхьанхьа иккхина молханах юьйлина машен, кхечу меттигашкахь шаьш-шайн лелхийтина шимма.
Шоьтадийнахь ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло динчу дIахьедарца, вийна 26 стаг, лазийна 30-ттех. Лелхийтарш динчу меттигех цхьаъ полицин академи ю. Курсанташ чохь болчу дешаран чоьнехь иккхина молханца хилла стаг. Ткъа машен эккхийтина Кабулерчу аэропортан декъанна гергахь.