Оьрсийн эмбарго гIо дина полякашна

Шайн кхачанан сурсаташна Оьрсийчоьно эмбарго кхайкхоро эххаре а пайда беана шайна аьлла дIахьедар дина Полшин премьер-министро Копач Эвас. Журналисташа комментари яр дехнера цуьнга Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс Полшера кхачанна критика ярна.

И дехар кхочуш деш Копача элира, Медведевн дешнаш комментари а цаеш дуьтур ду ша, амма шайн махкарчу экспортераша дозалла дан мегар ду шайн Iежийн а, кхин болчу а стоьмийн дикаллех аьлла. Уьш Европерчу стандарташца богIуш бу бохуш яра Полшин премьер-министр.

Европера санкцеш бахьана долуш Полшера стоьмашна эмбарго кхайкхийра Оьрсийчоьно. Цу гIуллакхо цкъа дуьххьара вочу агIор Iаткъам бинера Полшерчу юртбахамхошна, амма чакхенехь пайда беана шайна Оьрсийчоьно динчо элира Копач Эвас.