Iаламо зенаш дина НогIамирзин-Юьртана

After squally wind

Теркйистерчу НогIамирзин -Юьртахь ницкъала хьаькначу мохо а, кхоьссина деъначу догIано а дохийна алссам нехан цIенош. Юьрт мехкан шахьарна юьстах, ХIирийчоьнан а, Ставрополан а дозанашкахь хиларе терра ишта а яцара кхин Iедалера терго хуьлуш а.

Теркйист кIоштехь, хIирийн мехкаца доза а долуш, шу тIехь Iуьллуш ю, нохчашлахь дуьххьара этнограф ларалуш волу Лаудаев Умалт схьаваьлла Ломаз юрт.

Кху беттан I6-чу дийнан сарахь цу эвлана даккхий зенаш дина догIанца ницкъала хьаькхначу мохо. Къаьсттина дукха хIусамаш йохийна малхбузехьа бехачу юьртахойн. Царех цхьаъ ву Муртазалиев Идрис. Оццул чIогIа мох баьлла гина дацара шена боху цо.

«Сан юьртахошна хиллачу зенашка хьаьжча,суна-м кхин доккха тохар ца дина мохо. Жимма шифарш охьаяьхна тхов тIера, нойнаш а чуйиттина, сан вешин рагIун тхов а бехьна а. Долчул суна новкъа деънарг стоьмийн беш хIаллакъяр ду-кх.

Йоккха беш яра ас лелош-Iежийн, хьайбанийн, хьорматийн, баIарийн. ХIинца и йоцу хьесап ду. Кеггийна дIадаьхна дитташ, цхьадерш бух а даьхна мохо. Ирахь диснарш а Iадийча санна, заьIапхойх тарделла лаьтта. Со шайна орцах валаре сатуьйсуш, цара сайга гIо доьху моттало суна цкъацкъа.

Давуьсийла белара сан ницкъ карзахе хьаькхначу мохо йина церан чевнаш ерзо.Цу диннахьехь арабевлла леллачу Iедалан векалша нахана хилла зенаш дIаяздеш кехаташ-м хIиттина.

Алсам зенаш хиллачарна юкъахь гIийла бохкурш дукха бу. Уггар хьалха и санначарна гIо хиларе сатуьйсу бахархоша». Мохо динчу зенех ишта къамел динарг вара Теркйист кIоштан Ломаз юьртара вахархо Муртазалиев Идрис.

ЦIенойн тхевнаш дIахьуш, оганаш херцош, эчиган а,кибарчигийн а керташ йохош, даккхий зенаш динчарех бу Чабаева Тумиша а, Куриев Ваха а, Симуханов Леча а, Чабаев Сулумбек а, АлсабековгIар а. МециевгIар а,ишта кхин дIа а.

Юьртахоша даре а деш цхьа киг-мерза зе хилларш боцу,карзахдаьллачу Iаламо таро йохийнарг 60 сов стаг ву. Наха кар-кара оьцуш дуьйцу шайна гинчу эрчонех.

Цхьаберш бакълена а тешаш лууш а,тешаш а бу Iедало хIусмаш тоеш накъосталла дийр ду аьлла. Бакъду, кханенаш а ца йохкуш Iедалдайша де эшначарна сихха гIо дийр ду-кх аьлла чIагIамаш бан ца хIуьттурш а бац кIезиг. Делахь массара Далла хастамаш бо адамашлахь баларш ца нисдаларна.

Теркйист кIоштан Ломаз-юьртахь луьрчу мохо диначу зенаш совнаха а гайтина, бохаме киртиг тIехIоьттича вовшашна гIо дар, тIехIиттар, вовшийн гIортораш а хилла дIахIиттар вайнахалахь даьржина беркате ламаст хилар.