Гадаев Мохьмад-Салахь. Даймехкан суьрташ

Нохчийчоь -- Нохчийчуьра лаьмнаш, шира юрт, 2012

Your browser doesn’t support HTML5

Гадаев Мохьмад-Салахь. Даймехкан суьрташ

Гадаев Мохьмад-Салахь

Даймехкан суьрташ
(Аьхке юлуш)


РегIахь кIе шур-шур до,
Луьста кан баьхна.
ТогIешкахь бамбанийн
Тай-могIнаш го.
Сомалкхийн* сал** санна,
КIайн баьрзнаш даьхна,
Лил-басе стигланца
Мархо некъ бо.

Даккъаш тIехь, букъ сеттош,
IиндагIа тоькху,
Шерачохь, шерший, и дов.
Дитташ тIехь чиллано
Зар-зар йиш лоькху,
Йовхонан еттало тов!

Лаьмнаш тIехь ло лаьтта –
Дешна ца даьлла.
Арен тIехь йонгIуро***
Кес керчадо.
Лил-басе стигланца
Сел самсаяьлла,
КIайн марха ганне а
Ирча ца го.

--------------
* диал. тача; ирзу
** литта
*** диал. догIа