Your browser doesn’t support HTML5
Кацаев Сайд-Хьасан
Брэдбери Рэй
Со хIетахь иссолгIачу классехь доьшуш вара. Иза тхан хьехархо яра. Юххера шина-кхаа доттагIчунна хаара тхойшинна вовший дезар.
Наха жима зуда хаза а хилча, жеро а хилча, хIума олу, доцург а кхуллу. Тхан юкъаметтиг цIена яра.
«Оццул вовший дезаш долу тхойшиъ а вовший довзаза хилча, нахаца хIу хир ду цуьнан?» – ойлайора ас.
Со ца тешара нехан хабарех. Амма воккха мел хили а, уьш бахьанехь юкъа херо юьйлира тхойшинна. Со и йолчу ца воь-душ, суна и цагуш масийтта шо а долура. ХIара дуьне, адамаш а суна жимчохь моьттинарш дацара. Уьш моттаргIанаш хиллера.
Суна моьттура, тхойшиннан цхьаьнакхета новкъарло ян дуьненчохь хIумма а дац. Со цуьнца ирсе хир ву. Мохьмад-пайхамаран, Карл Марксан а зударий а хилла царал баккхий. ХIу дара ас и ялийча? Пайхамарал а веза стаг дуьненчохь хилла а вац. Марксал Iедало лоруш стаг а вац. Иштта ойланаш яра сан. Амма воккха хилча кхийтира: дерриг а ду-кх тхойшинна цхьаьнакхета новкъарло еш, дерриг а. Нохчий я бусалба а хилла шарIаца лелаш боцуш, я керстанаша санна закон а ца лардеш нах бу. Цу шинне а Iедалца мегаш дара ас и яло. Нохчийн Iадатехь мегаш дацара...
ХIетахь цо («Огонек» журнал дара моьтту суна и) цхьа дийцар делира соьга деша.
Хьехархо езаш вара дешархо. Цуьнца цхьаьна виса муьлхха а бахьанаш лоьхура цо. ЙоIа, ша собар-м дийр дара, элира, кIант воккха хиллалц, хьуна воккха ма хиллина йицлур ю-кх ша. Цо шен безамах, шена иза йицлур цахиларх а тешийра иза. Ахь ша йицъяхь, ша лийр ю хьуна, элира йоIа. Ша воккха хиллалц собардича, ша ялор яра хьо, элира кIанта. Амма школа а яьккхина гIала вахча, цунна йицъелира иза... Дуккха а шераш девлира иза цу юьрта ваза. Юха и дага а еана веъча, цуьнан кошан барз тIекхечира иза. ХIара дIавахана дукха хан ялале, хIеттахь, син-гаттамо йийна хиллера иза.
Цу хенахь ас башха тIе а ца лецира и дийцар. Суна цхьа туьйра хийтира и. Безамна тIехула вер-ваккхар, валар а Шекспиран произведенешкахь товра суна, кхечу яздархочуьнгахь, кхечу заманца а догIуш ца хетара. АтталгIа «Къоначу Вертеран баланаш» романан авторехь а.
Цу дийцарехь дуьххьара безам бахнарг кIант вара.
Со – йоIан дагара сайна хиъначул тIаьхьа бие – ца хьевзира цунна тIе....
Сан ткъе пхиъ шо кхечира.
«ХIетахь иза хиллачул а воккха ву-кх со хIинца, – ойла хуь-лура сан наггахь. – Ванах, мел хан яра цуьнан? Ткъе цхьаъ?Шиъ? Сан – ялхийтта...»
Дукха хан яра уьш кхечу юьртахь беха. Цуьнан цхьаъ бие воцчу вашас а тоххара зуда ялийнера, бераш а дара цуьнан. Иза маре яхаза яра.
Массаьрца а чIогIа ийна адам дара и.
Дукхахболчу зударшка лан а ца лора цуьнан хазалла, дикалла а. Нехан дегнаш, меттанаш а боьха ду. Цундела а кхуллу хирдара цунна тIехь доцург.
Гуш цхьа а бахьана доцуш, цхьамма молханаш лелийча санна, цIеххьана цомгуш хилира иза. Ког бара цуьнан лозуш, дарбанашлеладарх кхи гIоли ца хуьлуш. Амма и цунах лийр ю, бохург, ас аьттехьа а ца дуьтура.
Сайна дуьххьара и хезча тIе ца дитира ас. Цхьа кхи хир ю-кх цара юьйцург...
Хьайна дезна, девзина адам делча, дикка хан йоккху ахь, и велла бохург даго къобал ца деш.
И стаг велла вац. Цхьанхьа вахана ву иза. ЦIахь вац, дукхаца Iаш гур ду тхо, боху ойла хуьлу.
Иштта хетара суна дада веллачу хенахь а.
Масийтта шо делира, иза кхи цIа вогIур вац, кхи гур вац, бохург сан кхетамо тIе ца дуьтуш.
ХIокху тIамо дукха хIумнаш гайтина нахана. Лаза, тIехIоттазаа хIума дисна дац.
–Веллачух хьоьгуш цхьа зама йогIур ю. Бакълуьйш верг воьлхуш, харцлуьйриг воьлуш, – баьхна эвлаяаша.
ГIашсалтий, танкаш а чулехкарх гIуллакх а ца хилла, геннара снарядаш, ракеташ а чуетта оьрсаша. ДIадолла дакъа а ца дуьтуш, хIаллакбо маьрша нах. Шаьш схьаяьккхинчу гIалахь, юьртахь а контрактникаша, сий дайинчул тIаьхьа, дийна доллуш дагадо зудабераш. Кеманех, артиллерино тIеетачух а подвалаш чу левчкъина цомгашчарна, къеначарна а чу гранаташ, лимонкаш кхуьйсу. ХIоьан гергаша аганчура бераш дойу. Шен Iожаллица делла адам, ирс долуш хета тахана.
–Шен Iожаллица кхелхинчу стагана тIаьхьа воьлхийла а дац,– олу наха. – Дийнаберш беллачех хьоьгуш йогIур ю баьхна замахIара ю-кх. «И муха хир дара?» – олий хетара хьалха.
Со цуьнан тезета ваханчу хенахь, нене аракхайкхийтира ас.Иза пхьарс а лаьцна дуьхьал яьккхира. Со гича мара а кхеттайилхира иза. Сан а бIаьргех хи делира. Соьга лачкъаделира иза. Амма сан дог доьлхуш дара.
ЙоI еллачул тIаьхьа нана а дукха ца ехира.
Цуьнан тезета вахаза висира со. Суна гуттар а тIаьхьа бие ца хиира и бохам. Со тIеман гIуллакхашна хьаьддий-веддий вара, юха чIогIа могуш воцуш хилла Iийра. Нехан вовшашна тIебахар, юьртара юьрта вахар а мелла лахделлера. Цабевллачу денна бие ца бовлура юьртах. ДIа ваьл-ваьллачохь хаш, эскарш а дара. Серло йоцуш, цхьанне тайпана керланаш, хуьлуш лаьттарг а цахууш, бIарзделла дара адам. Телевизоре хьевсича, «Вестишка» ладоьгIча, буьйсана чохь сирла а хилча, нехан самалха даларна кхоьруш, дIаяьккхина яра серло. Юха, цхьамогIа ярташа куьйгаш а таIийна, оьрсашна муьтIахь ду, аьллачул тIаьхьа, схьаяийтира...
Кхузахь, Украинехь, юьртан библиотекера еанчу Брэдбери Рэйн книжки тIехь карадо суна и дийцар. И ду аьлла хета-кх суна, хIунда аьлча, шийтта шо хьалха доьшучун маьIна схьалацар бие, школьни программи юкъахь боцчу яздархойн цIерашца башха гIуллакх а дацара. Брэдбери Рэйн – америкин фантастан– «Безамах лаьцна дийцар» дешча, карлаевли суна и ойланаш.
« Гринтаунехь йолчу аьхкенан школехь хьеха Тейлор Энн еана кIира дара и. Цу хенахь цуьнан ткъе диъ шо кхаьчнера, ткъа Сполдинг Бобан дейтта а дацара».
И ду-кх цхьайтта-шийтта шо хьалха «Огонёк» тIера цо соьга деша делла дийцар. Кхи хуьлийла а дац. ЧIогIа атта, хаза а яздина дийцар ду и. Фантастиках хIумма а дац цу тIехь. И дахар ду.
ХIинца, сайна езнарг а еллачул, со а цул воккха хиллачул тIаьхьа, суна тохара санна туьйра ца хета и. Суна иза цкъа а йицлур яц. Со дахарехь цуьнца цхьаьна ца кхеттехь, иза сан езар ца хиллехь а, сайна мел евза йоI цуьнца юстура ас гуттара. И санна юххера, гергара, хIаъ, гергара, цхьа а ца хетта суна. Я хIинца а ца хета...
«ХIу хир дара иза яха йиснехь? – ойлайо ас. – ХIара бехъелла,сийдоцчу яьлла зама гур яра-кх цунна».
Цуьнан ойла йича, и ялар, сайна лан мел хала хиллехь а, хIара цунна ца гина хазахета суна. Иза дукха тIехдика, дукха тIехцIена адам дара. Цо ловр яцара хIара къизалла, хIара акхалла. Дала, и хууш, дIайигна и...
1995