Your browser doesn’t support HTML5
Пастернак Борис
ХIамлет
ГIовгIа тийна. ХIара ловзу меттиг.
Хьалаваьлла лаьтташ со цхьаъ ву,
Шира зов ду суна йостуш бертиг,
Цо сан хиндерг цIена дуьйцур ду.
Кхохкабелла, бода хьоьжу соьга,
Эзар турмал, со зуьйш, йоьгIна ю.
Мегаш делахь, Дела, доьху хьоьга,
РагI тIехъяккха – дан сан дезарш ду.
ЧIагIо йолу Iалашо хьан йеза,
Реза – ловза – хIотто оьшу сурт.
Амма хIинца ас дан кхидерг деза,
Таханлера хьал – тIех ирча гIурт.
Гондахь ма дац цхьа а хIума маьрша,
Некъан чаккхе хила езаш ю.
Со цхьаъ, дерриг хьулдеш, пуьташ – Iаьржа.
Ваха дагахь верг – и къонах ву.