Коррупци - "яц", "йогIург дIаялар" - ду

Коорупци. Оьрсийчоьнан бахархошна хенахь новкъара дер доцу и сакхт доьлла Нохчийчуьрчу юкъарчу дахарх а. Хуьлда иза Iедалан хьукмат, къона адам оьзда кхиаде школа, я цогушниг когахIоттаве дарбан цIа – массанхьа а гучуюьйлу коррупцин маьттаза муцIара.

Къилбаседа Кавказан кIошташлахь уггар дукха нийсо-бакъо хьехорца, хIора боккха ког биста кхаччалц, Iедалехь болчара мел дийриг Делан цIарца, Цуьнан дуьхьа,бахархойн дуьхьа ду бохуш, зевне кхайкхамаш беш схьайогIучех руспубликех цхьаъ ю Нохчийчоь.

Бакъду могIарерчу наха дало тоьшаллаш тергамза а дуьтуш,официалан дало терахьаш хьесапе эцча а го кхузахь харцонаш, хьарамлонаш лелорна массо тIегIан хьаькамаш, Iедалан хьукхмат –урхаллашкара белхой,тайп-тайпанчу доьшийлийн директораш, ур-аттал низамхой а бехк токхаман гIуллакхаш а долош жоьпе ийзош хилар.

Мехкан прокуратуран хьостано хааме даккхарца, 7 млн сом сов,цхьана вахархочун ахча лачкъийначу стагна дуьхьала долийначу бехк токхаман гIуллакхах хьулам бархьама,кехаташ тIехь бозбуанчаллаш лелийна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин талламан урхаллин комитетан белхо ву тахана бехке ийзош.

Цуьнан гIуллакх зуьйш болчу говзанчашна хетарехь куьг бехке лоручуо полисхойн урхаллин ИЦ олучу информацин центр чу харц хаамаш белла. 7 миллион сом гергга Iедална йогIу ял охьа ца йилларна бехке веш,бехк токхаман гIуллакх долийна «Соьлжа гIалин горлифт урхаллин» цхьана хьукхматан директорна дуьхьал.

Шена пайденна балха тIехь хьарамлонаш лелорна жоьпе озийна Шелковск кIоштан Каргалинск эвлан Оьздаллин цIийнан директор. Харц бух тIехь цо дина къоланаш дахделла 2014 шеран Марсхьокху-бетта тIера 2015 шеран Стигалкъекъа- батте кхаччалц.

Гуьмсан кIоштан талламан декъо бехк токхаман гIуллакх долийна Хидин кIотаран ишкола директорна дуьхьал а. Талламхоша дийцарехь цхьана белхочунна тIе а яздеш цо кхушара 2-3 баттахь хьарам ахча эцна. Оццу Гуьмсан кIоштехь кхаъ эцарна бехке еш ю поликлиникан лор а. Ахча делча цо харц тоьшалла деш испаравка олу кехат даларна, лоьран дов суьде кхачийна.

Iедалан балха болчу наха цу кепара хьарамлонаш лелаярна долийна бехк токхаман гIуллакхаш шорта ду. Цхьаболчу бахархошна хетарехь царлахь кIезиг бац ца бевллачу денна зуламаш динарш а. Вуьшта аьлча лакхарчу хьаькамаша царна тIедожош ду «ца йогIу ял» яккхар боху могIарерчу наха. Масийтта шарахь дарбанан цIийнехь болх а бина,амал дацарна,доьзал хене баккха аьтто лохуш, Къилбе дIа а яхна,карарчу хенахь Туьменан кIоштехь къахьоьгуш ю Эгиева Дагман. Iедалан балхахь болчара ахчанаш эцар хьахаделча цо элира.

Дагман:«ГIийлачарна гIо дан декхар долуш бара уьш ба-м. Iедало алапаш а луш балхахь ма бу уьш. Бакъдерг дийцича кхечу агIор и ахча ца даьккхича а ца бовлу уьш. Лакхарчара охьадуьллуьйтуш а мА ду. Цара кхаьргара доккху,кхара мискачаьргара доккху. Шайн го бу-кх. Нийсо-м яц цхьана агIор. Кхечу кIошташкахь.Оьрсийн бехачу меттигашкаххьа-м дац Нохчийчохь дерг. Балха воьдуш,деша хIуттуш Къилбехь ,масала, аьттехьа а дац кхузахь дерг. Цигахь шен хьекъалца чекхволийта стаг. Ахча делчахьана,кхузахь,мел бух бацахь хьуна кехат ло-кх».

Соьца кхаьънаш эцарх къамел динчу Дагманна хетарехь, дуьйцург а.дийрига цхьаъ долуш, бакълена а лаа а лиъна, Iедал тIедирзича. Юкъараллера дIадаккхала тарлора,кхаьънаш эцар боху и эхье сакхт. И тайпа лаам гайта,дахаре берзо Iедал сиха цахиларна ала хала ду цу хьокъехькъастаме хIума боху Дагмана.