Киеверчу дарбанан хIусамехь велла Лаккхарчу Радана хьалха хиллачу тасадаларшкахь чевнаш хилла волу кхолагIа стаг. «Порошенко Петрон блок» олучу депутатийн тобан векло Богомолец Ольгас дийцарехь, велларг ву 1995-чу шарахь вина волу жима стаг. Цунна коьртах чов йина хилла. Шинарин Iуьйринна Iедалша хаам бинера оццу меттехь лазийна хилла Украинин Къоман гвардин эскархо велла аьлла. Верриг карарчу хенахь дарбанан хIусамашка охьавиллина ву 140 сов стаг.
Царах лаххара а 10 стаг вочу хьолехь ву. Къепедацарш хилира Киевехь Лаккхарчу Радан депутаташа махкара Iедал регионашца декъарх лаьцна Конституцина тIехь хийцамаш беш низам тIеэцначул тIаьхьа. Дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш болу нах гIоьртира Лаккхарчу Радан гIишло шайн караэца. Цу Iалашонца цхьацца лоьлхуьйту хIуманаш кхуьйсуш эххаре а Къоман гвардин эскархошна юкъа кхоьссинарг яра баккъалла а йолу граната. И зулам деш дакъалаьцна хила мега аьлла лаьцна ву 18 стаг. Царна юкъахь ву «Сич» олучу милцойн батальонан ши декъашхо а.
Халкъе вист хуьлуш, хилларг Украинина дуьхьал хьажийна акци ю, букъа тIехьа дина тIелатар а ду элира Украинин президенто Порошенко Петрос. Къепедацарш вовшахтоьхна нах жоьпе озо беза элира президенто.