Сулаев Мохьмад. Аганан йиш

Казахстан - Астана, 2014

Your browser doesn’t support HTML5

Сулаев Мохьмад "Аганан йиш"

Сулаев Мохьмад

Аганан йиш

Мархаш дIатеттина,
ЦIеххьана къегина,
Схьакхетта беттаса санна,
Шаршу дIахилийна,
Чоь серлаяьккхина,
Сан кIорни, хьо доьлу хьанна?

Дахаран хIорда тIехь
Хьо идош халонех
Ас хьоькху сайн деза пийсак...
Хьайн нана йиц ца еш,
Даймахках воккхавеш,
Кхиалахь, сан деган кийсак!

Хьо муха кхуьур ву,
Кхиъча хьох мила хир ву -
Хоьттуш хьоь седарчий хьуьйсу.
Кхиъна хьо валаре,
Шайна тIе кхачаре,
Цара а гуттар сатуьйсу.

Сан кIорни сихлолахь,
Меттахь ма вахлолахь:
Дукха ду лаьтта тIехь хьашташ!
Хьо шайца хиларе,
Ахь шайна гIо даре
Хьоьжуш ду дуьнен чохь адмаш!.

Дахаран хIорда тIехь
Хьо идош халонех
Ас хьоькху сайн деза пийсак.
Хьайн пана йиц ца еш,
Даймахках воккхавеш,
Кхиалахь, сан деган кийсак!

1963